Арбоскульпту́ра (лат. «arbour» — дитт) - скульптураш, декорациш, гӀишлош а дийна дитташах яран исбаьхьалла. Оцу исбаьхьаллин Ӏалашо ю дитт луучу кепе далор. Цхьа скульптура яран 8-10 шо хан оьшу.

Арбоскульптуран масал

Арбоскульптуран бухбиллинарг лоруш ву Аксель Эрландсон. Шен хьалхара произведени цо кхоьллира 1919 шарахь. 1947 шарахь цо Калифорнехь кхоьллира «Диттийн цирк».

Цунах терра исбаьхьаллин тайпанаш: бонсай, топиар. Амма бонсай гӀерта шан дешдерг атта хилийта, ша ма-дарра хилийта. Арбоскульптура гӀерта дитташ Ӏаламехь ца хуьлу тайпа саттада. Топиар ю дитташ а, коьллаш а ларгар. Арбоскульптурас диттан гӀад а, генаш а сеттадо.

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра