Ви́ктор У́го Аристиса́баль Поса́да (испан. Víctor Hugo Aristizábal Posada; вина 1971 шеран 9 декабрехь, Медельинехь) — колумбин футболист, цхьа могӀа Колумбин («Атлетико Насьональ», «Депортиво Кали»), Бразилин («Сан-Паулу», «Сантос», «Крузейро», кхин а), Испанин («Валенсия») гӀараевлла клубийн а, Колумбин къоман гулйина командин а хилла тӀелатархо.

Футбол
Аристисабаль Виктор
Йуьззина цӀе Виктор Уго Аристисабаль Посада
Вина терахь 1971 шеран 9 декабрь({{padleft:1971|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})[1][2][…] (52 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Локхалла 174 см
Йозалла 71 кг
Позици тӀелатархо
Клубан карьера[* 1]
1990—1994 Колумбин байракх Атлетико Насьональ 142 (80)
1994 Испанин байракх Валенсия 7 (0)
1994—1996 Колумбин байракх Атлетико Насьональ 38 (17)
1997—1998 Бразилин байракх Сан-Паулу 25 (9)
1998—1999 Бразилин байракх Сантос 11 (2)
2000 Колумбин байракх Атлетико Насьональ 25 (13)
2001 Колумбин байракх Депортиво Кали 28 (14)
2002 Бразилин байракх Витория (Салвадор) 21 (10)
2003 Бразилин байракх Крузейро 36 (21)
2004 Бразилин байракх Коритиба 25 (6)
2005—2007 Колумбин байракх Атлетико Насьональ 85 (49)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кедаш
Борза Эквадор 1993
Борза Уругвай 1995
Деши Колумби 2001
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

«Атлетико Насьональ» клубан кхиорхочун, коьрта командехь дебют хилира 1990 шарахь, аьлча а Либертадоресан кедехь клубо дуьххьара толам баьккхинчул тӀаьхьа шо даьлча. Йуьхьанца дуьйна Аристисабала гайтира ша тӀелатаран корта санна. 1990 - 1996 шерашкахь медельинан грандехь цуо туьйхира бӀе гергга буьрка мостагӀийн кевнашна, 1994 шарахь иза йоцучу хенан аренде велира испанин «Валенсия» клубе.

1997—1999 шерашкахь аьттонца левзира легенда хилла бразилин клубашкахь «Сан-Паулухь» а, «Сантосехь» а, цул тӀаьхьа йоцучу хенан цӀа вирзира Колумби. 2002—2004 шерашкахь йуха а левзира Бразилехь, ткъа башха аьттонца хилира 2003 шо, оцу хенахь Аристисабаль хилира «Крузейрон» декъахь, цуо гайтира фантастикан шо — Бразилин чемпионийн хьалхара титул йоцуш, «цхьогалш» Бразилин исторехь дира дуьххьарлера дубль, кхин тӀе мехкан Кад а баьккхина, ткъа шеран йуьххьехь бара кхин а толам Минас-Жерайс штатан чемпионатехь. И хет-трик йечу хенахь Аристисабаль вара «Крузейрон» коьртачу тӀелатархойх цхьаъ. 6 шарахь пхеа бразилин клубашкахь левзина Аристисабалах хилира исторехь уггаре дика кхечу махкара Бразилин чемпионатан бомбардир.

Клубан карьера чекхйаьккхира Виктора шен дуьххьарлерачу «Атлетико Насьоналехь», цуьнан хьовсархоша цӀе тиллинера цунна «Легенда» аьлла.

1992 шарахь къона Аристисабала дакъа лецира Барселонера Олимпийн ловзаршкаш, 1994 шарахь иза вара АЦШ дуьненан чемпионате йоьдучу къоман командин испискин йукъахь, амма арен тӀехь гучу ца велира. 1998 шарахь Францехь иза коьрта тӀелатархо вара колумбихойн. Аристисабаль Америкин кедан декъахо хилла доьазза (1993, 1995, 1997, 2001), кхин тӀе Колумби шайн цӀахь тоьллачу, 2001 шеран, турнирехь цхьан а буьрка ца тохийтира шайн кевнашна, Аристисабалах уггаре дика бомбардир хилира. Аристисабалан тӀаьххьара турнир хилира Конфедерацийн кад 2003, цигахь колумбихоша кхоалгӀа меттиг йаьккхира. 2006 шеран дуьненан чемпионатан харжаман ловзаршкахь Виктора кхайкхийра шен къоман командин йукъара карьера чекхйалар.

2007 шеран ноябрехь Аристисабаль Виктора кхайкхийра профессионалан карьера чекхйалар гуттаренна лазачу чов йина хилла гола бахьнехь.

2008 шеран 12 июлехь медельинан стадионехь Атанасио Хирардот 45 эзар хьажархо волуш хилира Аристисабалан Ӏа дика йаран матч. Цигахь дакъа лецира дуьненан а, колумбин а футболан седарчаша: Карлос Вальдеррамас, Энцо Франческолис, Алекс Агинагас, Иван Уртадос, Рене Игитас, Хуан Пабло Анхела, Фарид Мондрагона, Хорхе Бермудеса, Леонель Альвареса, Фредди Грисалеса, Серхио Гальван Рейс, Марио Йепеса, Джон Хаиро Трельеса, Маурисио Чичо Сернас, Херардо Бедойяс, кхечара а. Марадона Диегос даийтира шен маршалла, къинтӀиера довлар а дийхира ша оцу матчехь хила таро ца хиларна. «Атлетико Насьональ» — дуьненан гулйина команда матч чекхъелира цхьан а ца тоьлуш жамӀ 2:2 долуш. Аристисабала туьйхира «Атлетикон» цхьа буьрка, ткъа 27 минотехь Рене Игитас йухатуьйхира буьрка шен гӀараяьллачу «сту лоцу гезиго тохарца».

Титулаш а, кхиамаш а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Víctor Aristizábal // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Víctor Aristizábal // FBref.com(бил-боцу.)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан