Арсаханов Исраил
Арсаханов Исраил (1916 шеран 16 декабрь, Теркан область, Хаси-Эвлан кӀошт) — филологин Ӏилманийн доктор, профессор[1]. РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо[1]. Исраилан де цӀе йара Ӏабдулгамид[2].
Арсаханов Исраил | |
---|---|
![]() Арсаханов Исраил | |
Вина терахь | 1916 шеран 16 декабрь |
Вина меттиг | Теркан область, Хаси-Эвлан кӀошт |
Кхелхина терахь | 1989 шо |
Ӏилманан кхоче | филологин Ӏилманийн доктор, профессор |
Воьвзу сана | Ӏилманча |
БиографиНисйе
Вина 1916 шеран 16 декабрехь Теркан областан (хӀинца ДегӀаста), Хаси-Эвлан кӀоштахь[1]. Дешна Шури-ГӀаларчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь[1]. 1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тӀаьхьо — университет). Еххачу хенахь оцу институтан нохч-гӀалгӀайн филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта[1].
БелхашНисйе
Ӏилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догӀу: Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959; ХӀинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИЯЛ» Т. 5, Грозный 1964; Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965; Чеченская диалектология. Грозный, 1969. Ӏилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгӀат динера «РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо» сийлаллин цӀе йаларца[1].
ВаларНисйе
Ӏилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь[1].