Арсаханов Исраил Ӏабдул-Хьамидан воӀ (1916 шеран 16 декабрь, Теркан область, Хаси-Эвлан кӀошт) — филологин Ӏилманийн доктор, профессор[1]. РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо[1]. Исраилан де цӀе йара Ӏабдулгамид[2].

Арсаханов Исраил
Арсаханов Исраил
Арсаханов Исраил
Вина терахь 1916 шеран 16 декабрь({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг Теркан область, Хаси-Эвлан кӀошт
Кхелхина терахь 1989({{padleft:1989|4|0}})
Ӏилманан кхоче филологин Ӏилманийн доктор, профессор
Воьвзу сана Ӏилманча

Вина 1916 шеран 16 декабрехь Теркан областан (хӀинца ДегӀаста), Хаси-Эвлан кӀоштахь[1]. Дешна Шури-ГӀаларчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь[1]. 1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тӀаьхьо — университет). Еххачу хенахь оцу институтан нохч-гӀалгӀайн филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта[1].

Ӏилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догӀу: Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959; ХӀинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИЯЛ» Т. 5, Грозный 1964; Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965; Чеченская диалектология. Грозный, 1969. Ӏилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгӀат динера «РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо» сийлаллин цӀе йаларца[1].

Ӏилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан