Артиллерин герз
Артиллерин герз — долу герзан а, кхечу (масала Ӏаьнаран) 20 мм сов калибран долу герзан тайпа.
Иштта тайпана герз пайден дац цхьаьна стеган ницкъашца тӀеман аренахь дӀасатекхо. Иза лерина йу хӀоьънаш (минанаш) кхийсина, чӀагӀонаш, герз, тӀеман техника хӀаллакйан а, мостагӀчуьн дийна ницкъ, долу герза охьатаӀо а, латтан а, хӀордан а тӀехь, хӀаваэхь хӀиттийна кхин Ӏалашонаш кхочушйан а. Артиллерин герз — нуьцкъала йовхонан машен йу, цуо лелайо 300—400 МПа Ӏаткъам болу, температура 3000°С кхочу, молхан газийн энерги.
Классификаци
бӀаьра нисйанМуьлхха а артиллерин герзан белхан хьесап цхьабосса ду: мостагӀчун а, цуьнан материалан декъан а кхета лерина хӀоъ, аратотту чӀижаргӀа чуьра шорлучу молхан газан Ӏаткъаман ницкъаца, уьш кхоллало хӀоьан молха даьгчи. Амма тарло, артиллерин герзо кхечу кепара а кхоссаран хьесапаш хила:
- Ӏаьнаран йоккха тоьпан шорло лакхара температурин Ӏаткъамца,
- рельсашца уьду рельсотронан гӀад чохь рельсотроно йо магнитан арено кхуссу хӀоъ.
Артиллерин герзан дукха кепийн тайп-тайпана хьесапийн классификаци йу.
-
Декъна хӀурдкеманан герз
-
Танканашна дуьхьала туху 57-мм йоккха топ ЗИС-2 Нижни Новгородан Кремлехь
-
Оьрсийн аэропланашна дуьхьала туху йоккха топ 1916 (1902 шеран 76-мм дивизионан йоккха топ)
-
ДХьТӀ немцойн тӀаьхьатосу йоккха топ
Коьрта тӀеман хьесапаш
бӀаьра нисйанАртиллерин герзан йукъадогӀу лахара тӀеман хьелаш: хӀоьънийн нуьцкъалалла, нийса кхоссар, гена тохар, сихатохар, манёвралла (герз сихха тохар), дӀасахьуш тӀеман аренехь атта хилар, тешамалла а, тойан атта хилар.
Артиллерин герзан йоцца классификаци
бӀаьра нисйанКонструкцин башхаллашца
бӀаьра нисйан- ЧӀижаргӀин артиллери:
- Реактиван артиллери
ТӀаманна хьажорца
бӀаьра нисйан- Танкашна дуьхьала йоккха-топ
- Зенитан йоккха топ
- Берд ларбаран йоккха топ
- Аренан йоккха топ
- ГӀопан йоккха топ
Тактикин-техникин а, базин тӀеман платформин а цхьаьна хьажорца
бӀаьра нисйанДӀасалеларан а, дӀасалелоран а хьесапца
бӀаьра нисйан- ТӀаьхьатосу йоккха топ (ТӀЙТ)
- Ша лела йоккха топ (ШЛЙТ)
- Ша йоьду йоккха топ (ШЙЙТ)
- Танкан йоккха топ
- Лело йоккха топ
Нишин конструкцица
бӀаьра нисйан- Йозуш йоцу нишин асанца йолу йоккха топ
- Ахйозуш йолу нишин асанца йолу йоккха топ
- Йозуш йолу нишин асанца йолу йоккха топ
ЧӀижаргӀийн харшан хӀоттамца
бӀаьра нисйанХьажа кхин а
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Якимович А. А. Орудие артиллерийское // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Артиллерийское вооружение. Основы устройства и конструирование(ТӀе цакхочу хьажорг), Машиностроение, 1975, 420 c.
- История материальной части артиллерии (1904).