Архаизм (ю) — маттана юккъера дӀадаьлла, хӀинца лелаш доцу, ширделла дош. Исбаьхьаллин произведенешкахь (поэзехь а, прозехь а) архаизмех пайда оьцу тайп-тайпана Ӏалашонашца. Яздархоша архаизмаш ялайо персонажийн васташ кхуллуш а, хьалхалерчу хенан битамаш хӀиттош а.