Ашмака (санскр. अश्मक, Aśmaka IAST) я АссакаШира ХӀиндин паччахьалла. Лаьттина меттиг хӀинца а билгала дац. Иштта, «Брахманда-пуранас» хьахайо Ашмака Къилба ХӀиндин цхьа гӀала аьлла, «Курма-пуранас» хьахайо иза Пенджаб хьокъехь, ткъа «Брихат-самхитас» хӀоттайо Ашмака ХӀиндин къилбаседа-малхбузе[1]. Талламхочо Дэвидс Т. Риса лорура, Ашмака буддийн муьрера Ассака пачхьалкх. Буддийн «Ангуттара-никаян» текстаца вайн эрал VI бӀешо хьалха Ассака яра ялхийтта Махаджанападашах цхьаъ. Мохк лаьттара Годавари хин бердашца, коьрта шахьар яра Потана (Потали). Буддийн «Махаговинда-суттантан» тексташа хьахаво Бхагадатта, Ашмакан паччахь[2]. «Матсья-пуранехь» ялайо Ашмакин 25 паччахьан исписка[3].

Махаджанападаш

Ашокан заманахь и паччахьалла Махараштра мехкан дакъа хилира. Каутильян «Архашастраш» юьйцуш волу Бхатта Свамис, иштта туху Ашмака Махараштрех[4].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Dey L. N. The Geographical Dictionary of Ancien and Mediaeval India.. — London: Lusac & Co, 1927. — P. 12.
  2. Raychaudhuri, Hemchandra (1972) Political History of Ancient India, University of Calcutta, Calcutta, p. 80
  3. Law, B.C. (1973). Tribes in Ancient India, Poona: Bhandarkar Oriental Research Institute, pp. 180—3
  4. Dey L. N. The Geographical Dictionary of Ancien and Mediaeval India.. — London: Lusac & Co, 1927. — P. 13.