Ас-саламу Ӏалайкум
исламехь маршаллахаттар
Ас-сала̄му Ӏалайкум (Ӏаьр. السَّلَامُ عَلَيْكُمْ — «салам-маршалла хуьлда шуна») йа самӀалат (السَّمْعَلَة)[1], дуьззина дешнаш ас-саламу Ӏалайкум ва рахьматулла̄хӀи ва барака̄тухӀ (السَّلَامُ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَةُ اللهِ وَبَرَكَاتُهُ — «салам-маршалла хуьлда шуна, Делан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а») — иза ислам динехь маршаллахаттар ду, дерриг а дуьненахь бусалбачара а, иштта Ӏаьрбийн мотт буьйцучу жуьгташа а, насараша а лелош ду иза. Ткъа цунна дуьхьал жоп луш олу ва Ӏалайкумус-сала̄м (وَعَلَيْكُمُ السَّلَامُ — «шуна а хуьлда салам-маршалла»).
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ "النحت".. لهجة الدير في الاختزال والاختصار (Ӏаьр.). www.esyria.sy. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 19 июль.