АтагӀа йа тогӀи — чутаьӀна, асанца яхъелла цхьаьна агӀора таьӀна рельефан кеп. Кхоллало дукха хьолахь охьадоьдучу хин эрозин болх бахьнехь. Эркан хи, бердаш а, бух а хьоькхуш[1], йоккху эркан атагӀа.

Кальчакин атагӀа, Аргентина
АтагӀа

АтагӀин кегийра кепаш ю хин хьехаш, чӀажнаш, боьранаш, уьш кхуллу наггахь хуьлучу Ӏовраша.

АтагӀеш кхуллу дийнна системаш; цхьаьна атагӀо дӀайоьллу кхин, ткъа цуо кхин, кхин дӀа а, шен цхьа харш долу хиш цхьаьна Ӏам йа хӀорд чукхетталц.

АтагӀин кеп нисйе бӀаьра

 
АтагӀа V-кепара профиль йолу

Гидрологаш, геологаш, геоморфологаш билгалдоху атагӀин коьрта дакъош[2][3][4][5][6][7][8]:

  • басеш — лаьттан тӀехулара дакъа, атагӀин агӀонашкара доза туху
  • бух — уггаре лахара а, дикка нийса а атагӀин дакъа, басен кӀажошна йукъахь ду.
  • басен кӀажа — басе бухах кхета аса
  • басен йист — басе гергарчу меттигах кхета аса
  • терхенаш — дикка ана йолу майданаш, лаьтта атагӀин бух тӀиера тайп-тайпанчу локхаллехь.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Яндекс.Картинки. yandex.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 июль.
  2. Чеботарев А. И. Гидрологический словарь. Издание третье, Л., Гидрометеоиздат, 1978, с. 205, статья «Поперечный профиль долины».
  3. Энциклопедический словарь географических терминов. Главный редактор С. В. Калесник. Изд-во «Советская энциклопедия», М., 1968, с. 329, статья «Речные долины».
  4. Кондратьев Н. Е. и др. Русловой процесс. Л., Гидрометеорологическое издательство, Л., 1959, с. 51, параграф «Речная долина и факторы, влияющие на её формирование».
  5. Геологический словарь Том I. А-Л. Госгеолтехиздат, М., 1955, с. 229, статья «Долина».
  6. Великанов М. А. Гидрология суши. Гидрометиздат. 1948, с. 135, глава «Речные долины».
  7. Эдельштейн Я. С. Основы геоморфологии. Госгеолиздат. М.-Л., 1947, с. 87. параграф «Элементы долины».
  8. Маккавеев Н. И. Русло реки и эрозия в её бассейне. — М.: Изд-во АН СССР, 1955. — 346 с., стр. 239, пункт «Общая схема рельефа поймы» http://makkaveev-lab.narod.ru/Makkaveev55G6.pdf Архивйина 2012-01-19 — Wayback Machine

Литература нисйе бӀаьра