Аукштайташ (аукшайташ[1]; лит. aukštaičiai, белорус. аўкштайты) ― Литвахь Малхбален этносин тоба литвахошна йукъахь, бахархой историн областера Аукштайти. Историн маьӀнехь — балтийн тайпанийн тоба, бехаш хилла 1-ра эз. шарахь таханлера махкахь Литван а, Белоруссин а, и цӀе йогӀура къилба-малхбален декъан литвахойн, амаа наггахь аукштайташ лорура литвинаш[2][3].

Литван республикин хӀинцалера этнооздангаллин регионаш
Балтийн тайпанийн охьаховшаран карта, XII бӀешеран чаккхе.

ХӀокху заманан маьӀнехь локалан малхбален а, йуккъера декъан а Литван республикин бахархойн цӀе. ХӀинцалера аукшайташна йукъахь къастайо локалан дзукийн тоба, церан амал ло меттан башхаллица (дзеканьеца) а, этнографин схьаяларца а[2].

Терминан этимологи

бӀаьра нисйан

ЦӀе схьайолу лит. aukštas, aukštis[2] «лекха, лакхара» къаьсташ цӀерах жемайташ (< žemas «лоха, лахара»), иза ламастехь доьзна охьаховшарца Неман эркаца охьадахарца[4]. З. Зинкявичюсан хета, иза доьзнаду жемайташ лахачохь Ӏийна, ткъа аукшайташ баьхна айайеллачохь[5]. Амма, локализаци Аукштайти схьайолу Мушо-Нямунелан а, Нявежан а чутаӀен (Хьаьжа Литван географи), цуо дуьхьало йо мелла а.

Дуьххьара хьахор

бӀаьра нисйан

Йозанан хьосташкахь термин дуьххьара хьахийна «Пруссин Лаьттан хроникехь» Петра Дусбургера, хӀоттийна 1330-гӀа шерашкахь, 1294 шеран хилам дӀайазбеш[6]. Латталеладора, даьхнилеладора. Йуккъера бӀешеран муьрехь аукштайташ хӀоьттира ширалитван къоман[2]. Кхин дӀа жемайташца (жмудьца) а, кхечу Литван балтийн тобанашца цхьанакхийтира ша йолу литван этнос. Малхбален а, къилба а дакъа аукшайтийн дакъа цхьаьна кривичашца а, полочанашца а йукъайеира белоруссий комана.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Кошелев А. Д. Из истории русской культуры: Древняя Русь — Языки русской культуры, 2000 — 755 с. — С. 419
  2. 1 2 3 4 Чаквін, 1989, с. 41.
  3. Киркор, 1858.
  4. Звяруга, 1993, с. 231.
  5. Aukštaičių, 2006.
  6. Chronicon terrae Prussiae von Peter von Dusburg // Scriptores rerum Prussicarum. — T. I. — Leipzig, 1861 (мирный договор Гедимина с Ливонским орденом)

Литература

бӀаьра нисйан