А́фрика — майданца шолгӀа материк йу Евразел тӀаьхьа, къилбаседехьа Лаьттайуккъера хӀорд бу, къилбаседа-малхбалехьа ЦӀен хӀорд бу, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказ ду, малхбалехьа а, къилбехьа а ХӀиндин Ӏапказ ду. Африка олу кхин а Африка материках а, цунна гергара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах. ГӀайренаш а доцуш Африкин майда хуьлу 29,2 млн км², гӀайренашца — 30,3 млн км²[3] гергга, цуо иштта къовлу 6 % Дуьненан тӀехолонах, латтан тӀехолонах 20,4 %. Африкин махкахь 55 пачхьалкх.

Африка
Африка дуьненан эхиган картан тӀехь
Африка дуьненан эхиган картан тӀехь
Мохк30 221 532 км²
Бахархой1 380 541 131 (2021)[1] стаг
Луьсталла45 стаг/км²
Бахархойн цӀерашафрикахой 
Йукъахь йу55[2] пачхьалкхаш
Йозуш йолу пачхьалкхаш 
Моттхьажа Африкин меттанаш 
Сахьтан асашUTC-1 тӀиера UTC+4 кхаччалц 
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Африкин бахархой миллиард гергга стаг ву. Африка лору адамийн даймохк: кхузахь карийна уггаре хьалхара гоминидийн а, церан хила тарло дайн а, царна йукъахь сахелантропаш, Avstralopitecus africanus, A. afarensis, Homo erectus, H. habilis, H. ergaster.

Африкин континент хадайо экваторо а, шортта климатан зонаш а; иза цхьаъ бен йац къилбаседа субтропикийн климатан асанера къилба субтропикан асане кхаччалц йахйелла континент. Цхьанаэшшара йолу йочанаш а, хи диллар а ца тоарна — цаьрга терра шалаьмнаш йа ломан системийн хи доллу чкъор ца хиларна — Ӏаламо хуьцу климат цхьанхьа йац, бердашца бен.

Африкин оьздангаллин а, экономикин а, политикин а, социалан а баланаш Ӏамош ду африканистика олу Ӏилма.

Иштта Африка къилбаседера къилбехьа йахйелла — 8103 км, малхбузехьара малхбалехьа — 7385 км.

ЦӀе схьайалар

бӀаьра нисйан

Йуьхьанца Карфагенан бахархоша «афри» дашца гойтура гӀалин гена доццуш деха адамаш. И цӀе дукха хьолахь схьайолуьйту финикийн afar дашах, иза «чан» бохург ду. Карфаген йаьккхинчул тӀаьхьа румхоша провинцех олура Африка (лат. Africa)[4]. ТӀаьхьуо Африка ала долийра оцу континентан йерриг а йевзачу регионех, тӀаккха ша континентах а. Кхечу теорино боху, «афри» къам схьадаьлла берберийн ifri дашах, иза «хьех» маьӀна долуш ду, аьлча а хьехан бахархой. Оцу меттигехь тӀаьхьа кхоллайелла бусалбанийн провинци Ифрикис иштта Ӏалашбина и орам шен цӀерехь.

Топоним схьайаларан кхин версеш а йу.

  • Иосиф Флавийс, I бӀешеран жуьгтийн историко, и цӀе схьайалар чӀагӀдора Ливе хиина ИбрахӀиман кӀентан кӀента цӀарах Еферах (Бахам. 25:4).
  • Латинан дош aprica, маьӀна «маьлхан» ду, хьахийна Исидор Севильян «Йуьхьигехь», XIV том, дакъа 5.2 (VI бӀешо).
  • Грекийн αφρίκη («шело йоцу») дешах цӀе схьаяларан верси, кховдийра историка Лев Африкана. Цунна хетара, φρίκη дош («шело» а, «Ӏадор» а), харц префиксца α-ца цхьаьнатоьхна, билгалбоккху шело а йоцу, кхерам а боцу мохк.
  • Поэта а, ша Ӏемина волу мисарӀаморхочо Мэсси Джеральда, 1881 шарахь аратеттира Африка дош мисран af-rui-ka («йуьхь Ка Ӏуьрга йерзор») дашах схьадаларан верси. Ка — хӀора стеган энергин дубль, ткъа «Ка Ӏуьрг» дашо билгаладоккху бен йа вина меттиг. Африка, иштта, мисархошна маьӀна долуш хуьлу «даймохк»[5].
  • Палеонтолог а, йаздархо а волчу И. Ефремовс, «Африка» дош доийта ширачу Та-Кем маттера (ш.-грек. «Афрос» — чопан мохк). Иза доьзна ду, континентан тӀекхочуш, Лаьттайуккъера хӀорд чохь масех хӀордан Ӏовраш цхьаьнакхетарца хуьлучу чопанех.

Исторел хьалхара мур

бӀаьра нисйан
 
Массоспондил, Африкехь йаьхна хьалхарчу юран муьран ораматаш дуу динозавр

Африка марталлин континентан Пангейн[6] йукъахь хиллачу Мезозойн муьран юьххьера Триасан муьре кхаччалц, и чекхбаллалц а, оцу регионехь алсама хилла тероподаш а, атта олхазаран хенан даьӀахкъерш а. Триасан муьран чеккхенгахь динчу ахкарша, тешалла до материкан къилбе алсама ховшар къилбаседечул а[6].

Африка тӀулгийн бӀешеран муьрехь

бӀаьра нисйан
 
Алжазаирин Саьхьарера Тассилин-Аджеран тархийн исбаьхьалла

Африкехь буьртиг-йалта ахьарах тешалла ден шира археологин карийначарна, вайн эрал хьалхара 13 эзар шо терахь хӀоттийна. Даьхнийлелор Саьхьарехь (хӀинца а гӀум-аре хиланза йолу) доладелла вайн эрал 7500 шо гергга хьалха, ткъа йуьртан бахам кхоьллина Нилан кӀоштахь вайн эрал хьалхара 6 эзар шерашкахь.

Оцу хенахь йалта хьекъа мохк хилла болчу Саьхьарехь, йехара таллархойн-чӀерийлецархойн тобанаш, цунна тешалла до археологин карийначара. Ерриг Саьхьарехула (хӀинцалера Алжазаира, Ливи, Мисар, Чад, кхи а) карийна шорта петроглифаш а, тархийн йозанаш а, царна хан ло вайн эрал хьалхара 6000 шерера вайн эран VII бӀешо кхаччалц. Уггаре дика йевза Къилбаседан Африкин хьалхара бахаман исбаьхьаллин иэс йу акъари Тассилин-Аджер.

Саьхьарин иэсийн тобанаш йоцуш, тархийн суьрташ кхин а хаало Сомалехь а, КъАР (уггаре шира суьрташна хан йелла вайн эрал хьалхара 25 эзар шо[7]).

Лингвистикин хаамаша гойту, банту мотт буьйцу (коса, зулу, кхин а) этносаш кхелхира къилба-малхбузен агӀора, цигара аратеттира койсанийн къаьмнаш, (хьажа бушменаш, готтентоташ, кхин а). Банту хевшинчу меттигашкахь карийна тропикан Африкин амалера буьртиган культураш, маниока, ямс.

КӀеззиг йолу этносийн тобанаш, масала бушменаш, хӀинца а атта беха шайна, талла а толлуш, Ӏаламера даарш а гулдеш, шайн масех эзар шо хьалха лелош хилла долу.

Шира Африка

бӀаьра нисйан

Къилбаседа Африка

бӀаьра нисйан
 
Хафран пирамида а, Сийлахь-Йоккха Сфинкс а Джийзин акъарин тӀехь
 
КъартӀаджан къапалг

Вайн эрал хьалхара 6—5-гӀа эзар шерашкахь Нилан тогӀи чохь кхоллайелира латта лелоран оьздагаллаш (Тасийн оьздангалла, Фаюман оьздангалла, Меримде), церан бух тӀехь вайн эрал хьалхара 4-гӀа эзарлагӀа шерашкахь кхоллаелира Шира Мисар. Цунна къилбехьа, иштта Нил тӀехь, цуьнан Ӏаткъамца кхоллаелира керма-кушан цивилизаци, иза хийцира, вайн эрал хьалхара 2-гӀа эзарлагӀа шерашкахь, нубийхоша (пачхьалкхан кхоллам Напата). Цуьнан геригаш тӀехь кхоллаелира, Эфиопин а, коптийн Мисран а, Византин а оьздангаллин а, политикин а Ӏаткъамехь лаьтташ йолу, Алоа, Мукурра, Набатейн паччахьалла, кхин а.

Эфиопин акъарин тӀехь къилбаӀаьрбийн Сабийн паччахьаллин Ӏаткъамца кхоллаелира эфиопин цивилизаци: вайн эрал хьалхара V бӀешарахь Къилба Ӏаьрбийчуьра схьабевллачара кхоьллира Эфиопин паччахьалла, II—XI бӀешерашкахь яра Аксуман паччахьалла, цуьнан бух тӀехь кхоллаелира керсталлин Эфиопи (XII—XVI бӀешерийн). Оцу цивилизацин кхерчашна гуонаха дара даьхний лело Ливихойн тайпанаш, ткъа кхин а хӀинцалера куш-нилотийн мотт буьйцу къаьмнийн дай.

Говрашлелор (вайн эран хьалхарчу шерашкахь), ткъа иштта эмкалашлелор, Саьхьарехь оазисан латталелор кхиарца гучуевлира махлелоран шахьарш Телги, Дебрис, Гарама, кхолладелира ливин йоза.

Африкин ЛаьттайуккъерахӀордан бердашца вайн эрал хьалхара XII—II бӀешерашкахь къегира финикийн-къартӀаджан цивилизаци. Гергара къартӀаджан лоллин пачхьалкхо Ӏаткъам бора ливин бахархошна. Вайн эрал хьалхара IV бӀешарахь кхоллабелира ливин тайпанийн — мавретанхойн (хӀинцалера МагӀриб Мулуя эркан лахенашка кхаччалц) а, нумидихой (Мулуя эрк тӀийра къартӀаджан бахамашка кхаччалц) — баккхий берташ. Вайн эрал хьалхара III бӀешарахь пачхьалкхаш кхолла хьолаш кхолладелира (хьажа Нумиди а, Мавретани а).

КъартӀадж Румо хӀаллакйинчул тӀаьхьа, цуьнан махках хилира руман провинци Африка. Вайн эрал 46 шо хьалха Малхбален Нумидех йира руман провинци Керла Африка, ткъа в.э. хьалхара 27 шарахь ший а провинци вовшахтуьйхира, урхаллехь бара проконсулаш. Мавретанин паччахьаш Руман куьйга кӀела бахара, ткъа 42 шарахь мохк бийкъира шина провинцин: Тингитанан Мавретани а, Цезаран Мавретани а.

Руман импери III бӀешарахь гӀелйаларо къоьлла йеира Къилбаседа Африкин провинцешка, цуо чубаржа аьтту бира жехӀала нехан (берберийн, готийн, вандалийн). Меттигера бахархойн гӀоьнца жехӀала наха Руман Ӏедал дохийра, Къилбаседа Африкехь йиллира масех пачхьалкх: вандалийн паччахьалла, берберийн паччахьалла Джедар (Мулуйан а, Оресан а йукъахь), кхин цхьа могӀа кегийра берберийн олаллаш а.

VI бӀешарахь Къилбаседа Африка йаьккхира Византис, амма центран правительствош гӀийла дара. Африкин провинцийн хьал долу нах дукха хьолехь берта боьдура варварашца а, империн кхечу арахьара мостагӀашца а. 647 шарахь картӀаджан экзарха Григорийс (Иракли I-чун шича кӀант), Ӏаьрбий тӀелетар бахьнехь императоран Ӏедал гӀелдаларах пайда эцна, Константинополах дӀа а къаьстина, ша Африкин император кхайкхийра. Бахархой Византин политикин реза ца хилира Ӏосалла (арианалла, донатизм, монофизиталла) шуьйра йаржар бахьнехь. Ӏосаллин боламийн бартхой хилира Ӏаьрбой-бусалбанаш. 647 шарахь Ӏаьрбийн эскарша Суфетулера тӀамехь хӀаллак дира Григорийн эскар, оцу гӀуллакхо Византин йукъара йаьккхира Мисар. 665 шарахь Ӏаьрбий йуха а тӀелетира Къилбаседа Африкина, 709 шарахь Византин йерриг африкин провинцеш йукъайахара Ӏаьрбийн халиифатанна (дерриг хьажа Ӏаьрбаша даьхна латташ).

Сахьаран къилбехьара Африка

бӀаьра нисйан
 
Терракотан статуэтка, Нок оьздангалла, вайн эрал VI бӀешо — вайн эран VI бӀешо, Нигери

Сахьаран къилбехьара Африкехь вайн эрал хьалхара 1-ра эзар шарахь массанхьа йаьржира Ӏаьржа металлурги. Оцуо таро йира керла мехкаш караберзо, уггаре хьалха — тропикин хьаннаш, иза доккхаха долчу декъехь Тропикин а, Къилба а Африкин бантуметтанийн къаьмнаш даржаран бахьна хилира, цара къилбаседа а, къилба а аратеттира эфиопийн а, капоидан а расийн векалш.

Тропикийн Африкин цивилизацин кхерчаш баьржира къилбаседехьара къилба агӀора (континентан малхбален декъехь), цхьаццанхьа малхбалехьра малхбузехьа).

VII бӀешарахь Къилбаседа Африке чубаьхкина аьрбой, европахой гучубовллалц, коьрта йукъарлоьнчаш хилира Тропикин Африкин а, дисинчу дуьненан а йукъахь, цунна йукъахь ХӀиндин Ӏапказ а. Малхбузен а, Йуккъера а Суданан оьздангалла кхоллайелира марталлин малхбузаафрикин, йа суданан, оьздангаллин зоне, иза йаьржира Сенегал тӀера хӀинцалера Республика Судан тӀекхаччалц. 2-гӀа эзар шарахь оцу зонин доккхаха долу дакъа йукъадоьдура йаккхий пачхьалкхашна Гана, Канем-Борно, Мали (XIII—XV бӀешераш), Сонгай.

Кинематограф

бӀаьра нисйан

Йерриг схьаэцча Африкин кинематограф гӀийла кхиина йу, йукъара йаккха мегар йу Къилбаседа Африкин киноишкол, цигахь 1920-гӀа шерашкахь дуьйна йохура дуккха а фильмаш (Алжазаиран а, Мисран а кинематографаш).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Population of Africa (2021) - Worldometer. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 2 сентябрехь
  2. How many countries in Africa? How hard can the question be? ТӀекхочу дата: 2014 шеран 5 май. Архивйина 2014 шеран 5 майхь
  3. Африка // Ангола — Барзас. — М. : Советская энциклопедия, 1970. — С. 435—451. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 2).
  4. Africa African Africanus Africus — Word Roots Medical Etymology
  5. Nile Genesis: An Introduction to the Opus of Gerald Massey Архивйина 2010-01-30 — Wayback Machine, глава III
  6. 1 2 Jacobs, Louis L. (1997). «African Dinosaurs.» Encyclopedia of Dinosaurs. Edited by Phillip J. Currie and Kevin Padian. Academic Press. pp. 2-4.
  7. Apollo 11 (ca. 25,500-23,500 B.C.) and Wonderwerk (ca. 8000 B.C.) Cave Stones

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан