Коьрта меню схьаелла

Ахьмадабад

(Ахмадабад дӀасахьажийна кхузе)

А́хьмадаба́д (гудж. અમદાવાદAmdāvād, инг. Ahmedabad, хӀинди अहमदाबादAhmadābād) — ХӀиндин малхбузера, Гуджарат штатан уггаре йоккха гӀала, ХӀиндин уггаре яккхийчу, бахархойн барам 5,8 миллион волу, пхеаннах цхьаъ, цуо кхуллу шен бахархошца ворхӀалгӀа гӀалин агломераци 6,3 миллион вахархочунца. Лаьтта Сабармати эркан бердашца 30 км гена штатан коьрта шахьарна Гандинагар гӀалан. Административан юкъ ю Ахьмадабад гуон.

ГӀала
Ахьмадабад
гудж. અમદાવાદ, инг. Ahmedabad
Ahmedabad montage new1.png
Пачхьалкх ХӀинди
Штат Гуджарат
Координаташ 23°02′00″ къ. ш. 72°37′00″ м. д.HGЯO
Мэр Амит Шах
Йиллина 1411 шеран 26 февраль
Дуьххьара хьахор XI бӀешарахь
Хьалхара цӀерш Ашавал (Ашапали)
Майда 1300 км²
ХӀордан сизал локхалла 53 м
Бахархой 5 570 585 стаг (2011)
Луьсталла 4285 стаг./км²
Агломераци 6 352 254
Къаьмнийн хӀоттам гуджарати а, кхин а
Бахархойн цӀерш ахьмадаба́дхо, ахмадаба́дхой
Сахьтан аса UTC+5:30
Телефонан код +91 79
Поштан индексаш 3800xx
Автомобилан код GJ-1
Официалан сайт egovamc.com
Ахьмадабад картан тӀехь
Ахьмадабад картан тӀехь
Red pog2.svg
ЮНЕСКОн байракх Дерригдуьненан тӀаьхьало ЮНЕСКО, объект № 1551
оьрс.англ.фр.

1960 - 1970 шерашкахь Ахьмадабад хилла коьрта шахьар Гуджарат штатан, цул тӀаьхьа коьрта шахьар хилла Гандинагар. ГӀалах наггахь олу Карнавати хьалха цигахь хиллачун сийна. ГӀала йиллина 1411 шарахь, гуджаратан султанатийн коьрта шахьар хилла, цӀе тиллина цхьаьна султанан, Ахьмад-шахан сийна.

ГӀалахь къегина текстилан промышленность, иза бахьнехь цунах наггахь олу «Малхбален Манчестер». ГӀала хилла хьалха ХӀиндин маршонан къовсамехь, цигахь XX бӀешеран хьалхарчу декъехь хилла гражданийн ла ца догӀаран акцеш.

Гуджарат штат кхоллар бахьнехь, Ахьмадабад хийцаелла баннийн, четарийн гӀаланера Ӏилман-дешаран, коммерцийн, оьздангаллин юкъ айаделлачу тӀекӀела цӀеношца, йохк-иэцаран яккъашца.

Ахьмадабадан историНисъе

Археологин талламаш гойту, гӀалан махка нах XI бӀешарахь хевшина хилар, цигахь кхоллаелла Ашавал гӀала. Оццу хенахь, соланкийн Анхилваран урхалчо, Карандев I, аьттонца тӀом бира бхилийн паччахьан Ашавалан дуьхьала. Толам баьккхина дукха хан ялале, Каранвед I Ашавалан меттехь йиллира Карнавати гӀала, иза яра Сабармати эркан бердаш тӀехь хӀинцалерачу Ахьмадабадан меттехь. XIII бӀешарахь гӀала а, ерриг Гуджарат а караяхна Делин султанатан Ӏедалан.

1411 шарахь МузаффаридгӀаоа кхоьллина Гуджаратан султанат. Ламастаца, шен кампани Сабармати эркан бердаш тӀехь дӀахьуш, султан Ахьмад Шахан гира, пхьагал жӀаьлин тӀехьаяьлла лелаш, оцуо дог айбина, султан сацам бира шен коьрта шахьар оцу меттигехь йилла. 1487 шарахь, Махьмуд Бегадас, Ахьмада Шахан кӀента кӀанта, гӀала чӀагӀйира арахьа 10 км пен боьттина 12 ков а, 189 бӀов а, 6000 бӀарол а йолуш. Ахьмадабад МузаффаридгӀеран Ӏедалан кӀелахь лаьттира 1573 шо кхаччалц, оцу хенахь тӀаьххьара Гуджаратан султан, Музаффар II вуьйжира моголийн султан Акбар Сийлахьчуьнца хиллачу тӀамехь.

СийлаллашНисъе

БилгалдахаршНисъе

ХьажоргашНисъе

ХӀиндин миллион бахархой болу гӀаланаш
 Агра | Аллахабад | Амритсар | Ахмадабад | Бангалор | Бхопал | Вадодара | Варанаси | Виджаявада | Вишакхапатнам | Дели | Джабалпур | Джайпур | Джамшедпур | Индаур | Калькутта | Кальян | Канпур | Коимбатур | Коччи | Лакхнау | Лудхияна | Мадурай | Мератх | Мумбаи | Нагпур | Насик | Патна | Пимпри-Чинчвад | Пуна | Раджкот | Сурат | Фаридабад | Хайдарабад | Ховрах | Ченнаи