Ахьмад бин Хьанбал
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли (Ӏаьр. أبو عبد الله أحمد بن محمد بن حنبل الشيباني الذهلي / 780—855) бусалбанийн динан Ӏилманхо а, хьанбалан мазхӀабан турпалхо а, и йиллинарг а ву.
Ахьмад бин Хьанбал | |
---|---|
| |
Исламуль шайх, Имаму АхӀлу-с-Суннати валь ДжамаӀат, Ӏалимуль Ӏаср, ЗахӀиду-д-ДахӀр, Мухьаддису-д-Дунйа, Ӏаламу-с-Суннат | |
Вина терахь | 780 шо |
Вина меттиг | БагӀдад, Ӏиракъ |
Кхелхина терахь | 855 шо |
Кхелхина меттиг | БагӀдад, Ӏиракъ |
ДӀавоьллина меттиг | |
Къам | Ӏаьрбо |
Да | Мухьаммад бин Хьанбал |
Нана | Сафият бинт Маймунат |
Динлелор | Ислам: Суннатан а, ДжамаӀатан а охӀланаш |
ГӀулаккхан некъ | фикъхӀ[d], Хьадисаш лелор[d], Ӏакъидат[d], Ислам[1], Бакъо[1], шариат[d][1] |
Хьехархой | Мухьаммад аш-ШафиӀи, Супьян бин Ӏуяйнат[d], Ӏабдурраззакъ ас-СанӀани[d], Абу Юсуп[d][2], Яхья бин МаӀин[d], Бихз ибн Асад[d], Абу Давуд ат-Таялиси[d], Хусейн ибн Али аль-Джуфи[d], Абу Мухаммад Абдуллах ад-Дарими[d], Абдуррахман ибн Махди[d], Ибрахим аз-Зухри[d], Мутаммар ибн Сулейман[d], Яхья аль-Каттан[d], Ваки ибн аль-Джаррах[d], Язид ибн Харун[d], аль-Валид ибн Муслим[d], Хушайм ибн Башир[d], Исхак ибн Рахавейх[d] |
БиографиНисйе
Иза ву: Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли. Вина 780-чу шарахь БагӀдадехь. Ахьмад дукха жима волуш цуьнан да кхелхина. Да кхелхинчул тӀаьхьа цунна цхьацца дахаран гӀирсаш а, иза шен ненаца Ӏаш волу цӀа а дисна. Баттахь 17 дирхӀамал дукха пайданаш а ца хилла. «Суна сайн да а, деда а ца гина. Сан нанас кхийна со» — иштта аьлла дагаяийтира Имам Ахьмада шен бералла[3].
15 шо долуш 816 шере кхаччалц цо хьадисаш а, фикъхӀ а Ӏамийна. Бусалбанийн коьрта центрашка а хьажа вахана, шен хенахь болчу массо а гергга коьрта Ӏуламаашца цхьаьнакхетта иза, йукъахь хиллачу Абу Юсупца а, аш-ШафиӀица. Лоруш йолчу Хьиджазца, Шемаца, Ӏиракъца а уьйраш хӀиттийна цо.
КхалхарНисйе
855-чу шарахь Ахьмад бин Хьанбал кхелхина. Дукха дешархой а, лархой а бисна цунна[4]. Царех цхьаболчеран цӀераш йу хӀорш: Салихь а, ӀабдуллахӀ а (имам Ахьмадан ши кӀант), Хьанбал бин Исхьакъ, Хьасан бин Саббахь Баззар, Ӏаббас бин Мухьаммад, Мухьаммад бин ИсмаьӀил аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Ибраьхим Хараби, Хьусайн бин Мансур, Дауд бин Ӏамр, Халаф бин ХӀишам, Абуль-Къасим аль-БагӀави[5].
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 3 Aḥmad ibn Ḥanbal // https://aleph.nkp.cz/F/?func=find-c&local_base=aut&ccl_term=ica=pna20221139239
- ↑ Али-заде А. Ахмад ибн Ханбал // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — ISBN 978-5-98443-025-8
- ↑ Имам Ахьмад бин Хьанбаль. Askimam.ru (2011, 8 февраль). Теллина 2015 шеран 24 майхь.
- ↑ Ислам: ЭС, 1991.
- ↑ Имам Ахмад бин Ханбаль. Askimam.ru (2011, 8 февраль). Теллина 2015 шеран 24 майхь.
ХьажоргашНисйе
- «Ахьмад бин Хьанбал» Архивйина 2007-09-27 — Wayback Machine — казанийн газетан агӀо «Вера» kcn.ru сайтан чохь
- «Имам Ахьмад бин Хьанбал» islamhouse.com