Ахьмад ибн ИбрахӀим аль-ГӀази, кхин а Ахьмад Гаьзло (Ӏаьр. أحمد بن إبراهيم الغازي‎‎; 1506(1506)1543 шеран 21 февралехь) — хӀинцалера Сомалин а, Джибутин а мехкашкахь лаьттина бусалбанийн Ӏедал султанатан урхалча, гӀараваьлла баьчча, Ӏедалан-эфиопийн тӀемашкара коьртачу декъахойх цхьаъ.

Ахьмад ибн ИбрахӀим аль-ГӀази
сомал. ahmad garaad ibraa hiim
Ахьмад ибн ИбрахӀим аль-ГӀази
Дин ислам
Зуда Бати дел Вамбара[d]
Динлелор ислам
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ахьмад ибн ИбрахӀим аль-ГӀази хилла Харарера Ӏадалан султанан кертахь гӀуллакхехь хилла баьччин ИбрахӀиман кӀант. 1516 шеран Эфиопица хиллачу тӀамехь султан иэшча, Ӏедалан урхалчин дийзира йасакх йала реза хила. Цул тӀаьхьа хилла къиза къовсамехь Ахьмадан да ИбрахӀим султана вийра; пачхьалкхехь Ӏедал схьалецира эло Махьфуза, Ӏедалан Ӏарш тӀе буьйнара султан хаийна. 1518 шарахь Махьфуз кхелхира Эфиопица хиллачу керлачу тӀамехь.

14 шо долуш 1520 шарахь, тӀемлой реза боцушехь Ахьмада йалийра Махьфузан йоӀ Бати дел Вамбара; цуо вуьй Эфиопин мох кдӀабала гӀерта султан, султанан Ӏарш тӀе хааво Бакъарат. 1525 шарахь цуо вожаво и султан а, ша тӀеоьцу и даржа, Ӏедилан куьйгалла а. 1527 шарахь Ахьмеда джихӀад кхайкхадо Эфиопин дуьхьала. 1531 а, 1533 а шерашкахь Ахьмадна кӀентий бо.

Исламе даьхкина кхерста тайпанашна коьрте хӀуттий тӀаме воьду, ша воцучу ханна Ӏедалан султан во Бакъарата. 1529 шарахь Ахьмаде иэшавелира эфиопин император Давид II-гӀа, схьадаьккхира мехкан деаннах кхо дакъа (кхечу хаамашца — йалханнах пхиъ). Амма 1543 шарахь бусалбанийн эскар иэшийра Вайна Дагера тӀамехь эфиопийн а, португалхойн а цхьаьнатоьхна эскаро, эскаран коьртехь вара Эфиопин къона император Клавдий. Оцу тӀамехь ша Ахьмад вийра португалхойн кхийсархочо.

Ахьмадах йисина, Махьфузан йоӀ, йийсаре кхечира, амма тӀаьхьо хийцира бусалбачаьргахь йийсарехь хиллачу эфиопин паччахьан кӀентаца (кхечу хаамашца йийсар а вина хийцина Ахьмадан кӀант а). Бати дел Вамбара хилира султанатан регент, мааре йахара Ахьмадан вешин кӀанте, Нур ибн Муджахиде. Иза бахьнехь цуьнан кара таж тилланза султан-аьзнин а, Ӏедалан урхалчин а, бусалбанийн шайх бозу маьхкашна тӀера Ӏедал деира. Буьйнара султан Бакъарат веллачул тӀаьхьа, цуо йуха тӀом баьккхира Эфиопица, амма оцу тӀамехь масех иэшам хилира. Бати дел Вамбара кхелхина 1552 шарахь, 1567 шарахь — Нур аль-Муджахид а кхелхира. Эфиопица тӀом болуш кхелхира Ахьмадан ший а кӀант.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан