Ахьмад ибн Хьанбал

бусалба Ӏеламстаг, мухьаддис, факъихӀ, хьанбалийн мазхӀаб диллинарг

Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад ибн Мухьаммад ибн Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀлий (Ӏаьр. أبو عبد الله أحمد بن محمد بن حنبل الشيباني الذهلي‎‎; 780 — 855, БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат) — иза бусалба Ӏеламстаг а, факъихӀ (исламан бакъонан Ӏилманча) а, мухьаддис (хьадисийн Ӏилманча) а ву. Суннатхошна гергахь веачу имамах воьалгӀаниг ву. Хьанбалийн мазхӀаб диллинарг ву иза.

Ахьмад ибн Хьанбал
Ӏаьр. أحمد بن حنبل‎‎
Аль-имамул-мубажжал, шайхул-ислам, имам ахӀлис-суннати вал-жамаӀат, Ӏалимул-Ӏаср, захӀидуд-дахӀр, мухьаддису-д-дунья, Ӏаламу-с-суннат
Говзалла мухьаддис, факъихӀ, Ӏеламстаг, интеллектуал, универсальный человек, муфассир
Вина терахь 780({{padleft:780|4|0}})
Вина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат
Кхелхина терахь 855({{padleft:855|4|0}})
Кхелхина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат
ДӀавоьллина меттиг
Да Мухьаммад ибн Хьанбал
Нана Сафийят бинт Маймунат
Динлелор ислам, суннаталла
МазхӀаб хьанбалийн
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Дешархой Абдуллах ибн Ахмад ибн Ханбаль, Усман ад-Дарими, Мухьаммад аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Абуль-Касим аль-Багави, Муслим ибн аль-Хьажжаж, Абу Дауд, Ибрахим ибн Исхак аль-Харби, Ханбаль ибн Исхак, Абу Бакр аль-Маррузи, Абу Бакр аль-Асрам, Харб ибн Исмаил аль-Кирмани, Баки ибн Махляд, Абду-ль-Ваххаб ибн Абду-ль-Карим, Салих ибн Ахмад ибн Ханбаль, Исхак ибн Ханбаль, Бишр ибн Муса
ГӀарадевлла белхаш Муснад имама Ахмада, Фадаиль ас-сахаба, Усуль ас-сунна, ар-Рад аля аз-занадика ва-ль-джахмийя, аль-Акида, аз-Зухд

Иза ву: Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли. Вина 780-чу шарахь БагӀдадехь. Ахьмад дукха жима волуш цуьнан да кхелхина. Да кхелхинчул тӀаьхьа цунна цхьацца дахаран гӀирсаш а, иза шен ненаца Ӏаш волу цӀа а дисна. Баттахь 17 дирхӀамал дукха пайданаш а ца хилла. «Суна сайн да а, деда а ца гина. Сан нанас кхийна со» — иштта аьлла дагаяийтира Имам Ахьмада шен бералла[2].

15 шо долуш 816 шере кхаччалц цо хьадисаш а, фикъхӀ а Ӏамийна. Бусалбанийн коьрта центрашка а хьажа вахана, шен хенахь болчу массо а гергга коьрта Ӏуламаашца цхьаьнакхетта иза, йукъахь хиллачу Абу Юсупца а, аш-ШафиӀица. Лоруш йолчу Хьиджазца, Шемаца, Ӏиракъца а уьйраш хӀиттийна цо.

855-чу шарахь Ахьмад бин Хьанбал кхелхина. Дукха дешархой а, лархой а бисна цунна[3]. Царех цхьаболчеран цӀераш йу хӀорш: Салихь а, ӀабдуллахӀ а (имам Ахьмадан ши кӀант), Хьанбал бин Исхьакъ, Хьасан бин Саббахь Баззар, Ӏаббас бин Мухьаммад, Мухьаммад бин ИсмаьӀил аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Ибраьхим Хараби, Хьусайн бин Мансур, Дауд бин Ӏамр, Халаф бин ХӀишам, Абуль-Къасим аль-БагӀави[4].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Али-заде А. Ахмад ибн Ханбал // Исламский энциклопедический словарьМ.: Ансар, 2007.
  2. Имам Ахьмад бин Хьанбаль. Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 24 май.
  3. Ислам: ЭС, 1991.
  4. Имам Ахмад бин Ханбаль. Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 24 май.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан