Аэродинамикин тормоз
Аэродина́микин то́рмоз, хӀаваан тормоз — тӀомалела аппаратан урхалла данло тӀехуле, лерина ю дуьхьало тӀетохарца кеман сихалла лагӀъян. Иштта лелайо сиха цӀерпоштан а, автомобилийн а конструкцешкахь.
Аэродинамикин тормозан эффект йозу тӀехьоькхучу хӀаваан сихаллех, цундела, хӀаваан тормозан чоьтах дуьззина саца ца ло. Кхин а оьшу кхин болу тормозан гӀирсаш (массанхьа лелайо чӀулгийн тормоз а, дӀаозаран реверс).
Гражданийн а, спортан а авиацехь аэродинамикин тормозаш лелайо кема охьадуссучу хенахь глиссадан са тӀетохархьама. Цуо таро йо гӀуо тӀедогӀийла йолчохь охьахаа, масала ломан меттигашкахь йолчарна. ТӀеман кеманийн хӀаваан тормозаш лелайо могӀа латтош а, чухьаьддачу хенахь лагӀдеш а.
Дукха хьолахь хӀаваан тормозех олу интерцептораш, хӀунда аьлча уьш арахецча цуьнца цхьаьна тӀекхета аэродинамикин дуьхьало. Амма, муьлхха а хӀаваан тормоз интерцептор йац. Интерцептор — тӀоман айаран ницкъан урхаллин меже, хьажийна ю пурхаллин урхалла дан я айаран ницкъ лагӀбан охьадуссуш додучу хенахь, чкъургийн тормозаш чӀагӀъярхьама. Масала, тӀеман Ту-22М (М2, М3, МР) кеман пурх урхаллин меженан метта ю еккъа интерцептораш (элеронаш йоцуш), царна юкъахь болх беш йолу тӀома доьдуш а, охьадуссуш а хӀаваан тормозаш санна.
-
Палубан Blackburn Buccaneer штурмовикин аэродинамикин тормоз
-
Fastech 360 электроцӀерпоштан аэродинамикин тормоз
-
Тормозан у Су-30 тӀаьхь