Бабкин, Александр Иванович
Бабкин Александр Иванович (оьрс. реф-хьалх. Бабкинъ, 1882—1974) — Донан гӀазакхи, Дуьненан хьалхарчу тӀеман шерашкахь инарлин штабан эпсар (полковник, 1916), ткъа гражданийн тӀамехь — инарла-майор, 1921)[1].
Бабкин Александр Иванович | |
---|---|
оьрс. реф-хьалх. Бабкинъ | |
| |
Вина терахь | 1882 шеран 22 июнь |
Вина меттиг | Мигулински |
Кхелхина терахь | 1974 шеран 24 декабрь (92 шо) |
Кхелхина меттиг | Монреаль |
Пачхьалкх | Российн импери, ДДДЭ |
Эскаран тайпа | дошлой |
Дарж | инарла-майор |
БӀахойн дакъа | Дерриг Доккха Донан Эскар |
ТӀемаш | Дуьненан хьалхара тӀом, гражданийн тӀом |
СовгӀаташ | |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 10 (22) июнехь 1882 шарахь Мигулински (Мигуленски) гӀалахь, Донан эскаран область, тӀемлочун эскаран лакхарчун Иван Николаевич (1827—1905) доьзалехь, нана — Пелагея Петровна (ден фамили Попова, 1857—1920)[2]. Тарло: ваша — Бабкин, Фёдор Иванович (1887—1920) — гӀазакхийн полковник, йижрий — Прасковья Ивановна Кожина (1885—1976), Мария Ивановна Бабкина.
Дешар
бӀаьра нисйан- 1893—1900 — Донан кадетийн корпус, Новочеркасск
- 1903—1906 — Михайловски артиллерийн доьшийла, чекхйаьккхира 1 разрядаца, хьажийна Донан батарейн лейб-гварде.
- 1906—1909 — Инарлин штабан Николайн академи, чекхйаьккхира 1 разрядаца.
Эскаран гӀуллакх
бӀаьра нисйан1903—1911 шерашкахь — Гвардин дошлойн-артиллерин бригадин Донан гӀазакхийн батарейн лейб-гварди.
1909 шарахь дуьйна йукъатоьхна Инарлин штабан. 31.10.1909—1.11.1911 куьйгалла дира Ша йолчу Оренбурган гӀазакхийн дивизионан гӀазакхийн бӀенан
- 1909 — гвардин есаулан бухарниг (30.04.1909), цӀе хийцина Инарлин штабан капитан аьлла (30.04.1909)
- Дуьненан хьалхара тӀом
1915—1917 — 6-гӀа дошлойн дивизин штабан хьаькаман даржехь.
- 1915 — подполковник (15.06.1915)
- 1916 — полковник (6.12.1916).
- Гражданийн тӀом
9.02.1918—19.05.1918 — Дерриг доккха Донан эскаран эскаран штабан хьаькам, Аренна тӀелатар кечдинарг а, декъахо а. 19.05.1918—8.3.1919 — эскарера мукъа ву.
1919 — Дерриг доккха Донан Эскаран урхаллин декъан канцелярин хьаькам. 2-гӀа Донан гӀазакхийн дошлойн дивизин хьаькам.
1920 шеран мартан чаккхенгара Донан корпусан Инарплин штабан эпсарийн резервехь ву. 1920 шеран июлехь-октябрехь штабера Донан атаманан адъютант.
Эмиграци
бӀаьра нисйан1920 шеран октябрехь Донан атаманан омарца хьажийра Сербийн, хорватийн, словенцийн паччахьалле, тӀедийн ун хиларна.
Болх бира Бели Церкове кхалхийна Донан Мариински институт дӀахӀотторехь.
12.02.1921 дуьйна — ШолгӀа Донан кадетийн корпусан директор, инарла-майор.
1925 шарахь кхелхира Франце, болх бира йуьртбахаман фермехь, Инарлин штабан эпсарийн йукъараллин декъахо хилла.
1948 шарахь кхелхира Канаде, Квебек провинце, цигахь ийцира ферму.
Зуда йеллачул тӀаьхьа, 1955 шарахь, кхелхира Монреале жимаха волчу кӀант волчу. 1955 шарахь дуьйна — Монреалера Донан гӀазакхийн гӀалин атаман.
Велла ТӀеман ветеранийн госпиталехь 1974 шеран 24 декабрехь Монреалехь, дӀавоьллира Канадера Квебек провинцин Лашин гӀалара кешнашкара православин декъехь[3].
Доьзал
бӀаьра нисйан1914 шарахь — зуда йолуш ву, шиъ бер ду.
- Зуда — Вера Александровна (18??—1955)
- КӀант — Владимир (1912—1996)
- Жимаха волу кӀант — Игорь
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- 1913 — Сийлахь Станиславан 3 гӀа тӀегӀанан воккхаллийца орден 21 мартехь (омар 1912 шеран)
- 1914 — Сийлахь Владимиран таррашца а, бантаца а орден (Лакхара омар 1914 шеран октябрехь)
- 1914 — МостагӀчунна дуьхьала гӀуллакхехь билгалваларна Георгийн герз[4].
- 1915 — Сийлахь Станиславан 2-гӀа тӀегӀанан таррашца орден (1.04.1915)
- 1915 — Сийлахь Аннин 2-гӀа тӀегӀанан орден (4.06.1915)
- 1915 — Сийлахь Аннин 3-гӀа тӀегӀанан таррашца а, бантаца а орден (14.08.1915).
Литература
бӀаьра нисйан- Военный орден святого великомученика и победоносца Георгия. Биобиблиографический справочник. М.: РГВИА, 2004.
- Волков С. В. Офицеры российской гвардии. М. 2002.
- Ганин А. В. Корпус офицеров Генерального штаба в годы Гражданской войны 1917—1922 гг.: Справочные материалы. М.: Русский путь, 2009.
- Рутыч Н. Биографический справочник высших чинов Добровольческой армии и Вооруженных Сил Юга России. Материалы к истории Белого движения М., 2002.
- Списки офицеров Генерального штаба, 1.06.1911; 1.06.1914; 1.01.1916; 3.01.1917.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Бабкин Александр Иванович // Большая биографическая энциклопедия. 2009.
- ↑ Бабкин Александр Иванович Архивйина 2019-02-04 — Wayback Machine на сайте Русской Императорской Армии, 2018.
- ↑ Памяти ген. майора генерального штаба Архивйина 2017-06-11 — Wayback Machine // Кадетская перекличка. 1974. № 10. Association of Russian Cadets Graduated outside of Russia.
- ↑ "за то, что въ бою 7-го августа 1914 года подъ Гумбиненомъ, при оголеніи нашего праваго фланга, посланный съ приказаніемъ, не только прорвался черезъ раіонъ, занятый разъѣздами противника, но, найдя отходящія части, правильно передалъ распоряженіе, затѣмъ нѣсколько разъ подвергая себя явной опасности, успѣшно поддерживалъ связь, оріентировывая начальниковъ частей, чѣмъ въ значительной степени способствовалъ достиженію успѣха. — РИ 9.11.1914 (ВП 11.11.1914)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- А. И. Бабкин — Хронос.
- А. И. Бабкин — Офицеры РИА
- А. И. Бабкин — краткая биография.
- А. И. Бабкин — Русская армия в Великой войне: Картотека проекта.