Багаудинова, Меседа Абдулларисовна


Багауди́нова Месе́да Абдуллари́совна (йина 1983 шеран 30 октябрь) — российн йишлакхархо, украинин зударийн «ВИА Гра» (2007—2009) тобан декъашхо.

Багаудинова Меседа
Коьрта хаам
Йуьззина цӀе Багаудинова Меседа Абдулларисовна
Йина терахь 1983 шеран 30 октябрь({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (40 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх  Росси
Говзаллаш йишлакхархо
Жанраш эстрада, поп-музыка, джаз
Коллективаш ВИА Гра
Официальный сайт MESEDA

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1983 шеран 30 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан да — жӀай[1][2][3][4][5] ву, нана — украинех-белорусех схьайалар долуш ю[6].Цуьнан йоккхаха ши йиша ю: Виктория а, Салима а, воккхаха волу ваша Олег а, жимаха — Рустам.

Меседан ис шо долуш доьзал кхелхира Кисловодске. 16 шо долуш кхелхира Дон-тӀера-Ростов, цигахь иза лууш йара музыкин доьшийле дӀахӀотта, амма оьшу кечам ца хиларна дийзира оьздангаллин доьшийле йаха. Чекхдаьккхира Ростовн пачхьалкхан оьздангаллин доьшийлан, эстрадан-джазан вокалан дакъа[7]. 2005 шарахь деша хӀоьттира ГИТИСан эстрадан факультете (Назаров Владимиран курс).

Карьера нисйе бӀаьра

Ансамбль «Мечты» нисйе бӀаьра

Тоба «Мечты» — Багаудинова Меседа[8] йукъахь йолу Ростохар интеркъамнийн кхоъ ду. Дуьххьарлера нахан хьалха йоккха ансамблан концерт хилла 2002 шарахь: мехкарашка кхайкхира Ӏиде Ростовн ЧГӀГӀУ. Нисса оцу концерто йаьккхира тоба «Мечты» боккъала а гӀара, коллектив оьшуш хилира. Ансамбль масийттаза йахара гастролашка Российн къилбехьахула. Тобано иштта концерташ лора дозанал арахьа, масала Австрехь[7]. Оцу шен дахаран муьрехь Багаудиновна евзира Котова Татьяна, тӀаьхьа «Российн мисс 2006» а, ВИА Гра коллективан декъашхо хилла а йолу. 2005 шарахь декъашхой бахара Москох деша. Меседа дӀайоьду Москох, деша хӀутту ГИТИСан эстрадан факультете.

ВИА Гра нисйе бӀаьра

2007 шеран 1 апрелехь Меседах хилира ВИА Гра тобан солистка, цуо дӀайахна Корягина Ольга[9][10] хийцира. Тобан йукъара хьалхара концерт хилира 21 апрелехь Российн экономикин форумехь Лондонехь. Шуьйрачу публикан керла тобан декъашхо йовзийтира МУЗ-ТВ СовгӀатехь 2007 шеран 1 июнехь. Дебют хилира клипехь «Поцелуи». Коллективехь Ӏийра иза цхьана шарахь эха шарахь. Оцу хенахь Меседас дакъалецира 4 клипехь, телевизионан «Держи меня крепче» сериалехь а, божарийн MAXIM журналан кхаа фотосессешкахь а[8][11][12], кхин а дакъалецира ши альбом йазйеш. 2009 шеран 16 январехь[13][14] Багаудинова Меседас йитира коллектив тобане Мейхер Надежда йухайар бахьнехь.[15][16]Ша дӀайалар йоӀа дийцира иштта: «Шен хенахь аса Надин меттиг дӀалецира. Тобанехь даиман а йара сирлачу аматерниг, хьаьрсаниг, Ӏаьржачу аматерниг. Со Надяца Ӏаьржачу аматехь йу, цундела тхойшиъ цхьаьна тобанехь хила йиш йац. Надяс, шеко йац, дукха пайда бина тобан ВИА Гра йукъайаьлчхьа, цуьнан лерам бан беза. Со кӀеззиг а дохко ца яьлла. Сан дерриг дика ду дахарехь а, кхоллараллехь а. Солон проект йийр йу аса»[17].

2011 шеран 27 мартехь Меседас дакъалоцу «ВИА Гра» тобан юбилейн концертехь[18].

2013 шарахь К. Меладзен шоу «Хочу V ВИА Гру» хилира декъашхошна йалханнах цхьа тренер.

Солон карьера нисйе бӀаьра

2009 шарахь Меседа йукъайахара уггаре сексуалан итт зудчунна, MAXIM журналан дешархоша кхаж тесна[19]. «ВИА Гра» тобанера дӀайаьллачул тӀаьхьа Меседас, Plazma тобан «MYSTERY» (The Power Within) эшаран клип тӀиера, йолийра шен солон карьера[20]. 2009 шарахь декабрехь дакъалецира Mixed Russian Fashion Show гайтарехь[21].

Дуьххьарлера солон композици йишлакхархочун карьерехь хилира йиш «Дым» («КӀур»), иза хӀоттийра «ВИА Гра» тобан юбилейн концертехь. Амма оцу эшарал тӀаьхьа йоьӀан карьера сецира, йишлакхархо мааре а йахна, кӀант вар бахьнехь. Кхин а Меседага кхайкхира «Блестящие» тобане Дубовицкая Аннин меттана, амма цуьнан дӀататта бийзира и кхайкхам доьзалхочух хиларна[22].

2013 шеран керлачу шеран буьйсана Хьалхара канал тӀаьхь Меседас ВИА Гра тобан хилла солисткашца (Седокова Анна, Джанабаева Альбина, Бушмина Ева) цхьаьна сценин тӀаьхь, цара лекхира йиш «Бриллианты» («Жовхарш»)[23]. 2013 шеран 3 мартехь, «ВИА Гра» тоба официалан дӀакъевлинчул тӀаьхьа, Меседас Джанабаева Альбиница цхьаьна эшарш лекхира корпоративехь.

Майхь Меседа гучуелира Ю телеканал тӀаьхь «Кто сверху?» («Лакхахь мила ву?») шоухь. 2013 шеран июнехь Меседас арахоьцу «Просто замри» («Атта саца») цӀе йолуш шолгӀа солон йиш. Шо чекхдолуш арайолу сингл «Я у тебя ничего не прошу»[17] («Аса хьоьгара хӀумма а ца доьху»). 2014 шо долалуш арайолу сингл «Верю я» («Теша со»). 2015 шеран 26 январехь арайолу сингл «Пересечение» («Некъ хадор»). Дешнийн а, музыкин а автор вара Реснянский Алексей, алсама вевза йишлакхархо Daniel[24] аьлча. 2015 шеран 2 мартехь ELLO кевнехь (порталехь) хилира иштта цӀе йолу клипан премьера, цуьнан режиссёр хилира Шерстников Иван. Оццу дийнахь москохан Wicked ресторанехь хилира видеоклипан презентаци[24].

3 мартехь Меседас арахоьцу керла сингл — «Жаль» («Къахета»), цуьнан автор хилира журналан гӀараяьлла редактор — Рыбакова Юлия. Йиш арахийцира «FEELDALFA» лейблца.

6 мартехь Меседас арахоьцу йалхолгӀа солон «День» («Де») цӀе йолу композици.

Шен дахар нисйе бӀаьра

2011 шеран аьхка Меседа мааре йахара бизнесмене Алане[25], ткъа 2012 шеран 6 январехь цуо вира кӀант, цунна тиллира Аспар цӀе[26][27]. 2015 шарахь уьш къаьстира[25].

Дискографи нисйе бӀаьра

ВИА Гра тобан йукъара гуламаш:

Синглаш нисйе бӀаьра

  • Дым (КӀур (2011))
  • Просто замри (Атта саца (2013))
  • Я у тебя ничего не прошу (Аса хьоьгара хӀумма а ца доьху (2013))
  • Верю я (Теша со (2014))
  • Пересечение (Некъ хадор (2015))
  • День (Де (2016))
  • Жаль (Къахета (2017))

Чарташ нисйе бӀаьра

Шо ЦӀе Чарташ Альбом
Росси а, ЛПД а (Tophit Йукъара Топ-100) Украина (Tophit Украинин Топ-100) Украина (Tophit Киевн Топ-100) Радиочарт TopHit 100 дехарца
2015 «Некъ хадор»[28] 192 655 54 альбом йоцуш

* «—» йиш йацара чартехь

Видеографи нисйе бӀаьра

Шо Клип Режиссёр Альбом
ВИА Гра тобан йукъахь
2007 «Поцелуи» («Барташ бахар») Бадоев Алан «Поцелуи» («Барташ бахар»)/ «Эмансипаци»
2008 «Я не боюсь» («Со ца кхоьру») «Эмансипаци»
«My emancipation»
«Американская жена» («Америкера зуда») Васьянов Роман
Солон карьера
2015 «Пересечение» («Некъ хадор») Шерстников Иван хирйолу альбом
Кхечу йишлакхархочуьнца дакъалацар
2010 «Mystery (The Power Within)» (Plazma) Адельшин Марат альбом йац

Фильмографи нисйе бӀаьра

ВИА Гра тобан йукъахь нисйе бӀаьра

  • Держи меня крепче (ЧӀогӀа дӀалаца со (телевизионан сериал, 2007 шо))
  • Новогодняя ночь 2009 на Первом (Керлачу 2009 шеран буьйса Хьалхарчун тӀаьхь (Керла шеран мюзикл, 2009 шо))

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Меседа Багаудинова: биография. www.woman.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 июнь. Архивйина 2018-06-28 — Wayback Machine
  2. Меседа Багаудинова. 24SMI. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 июнь.
  3. "Самые красивые девушки-аварки (10 фото)"(оьр.). Дата обращения: 2018 ш. 28 июнехь.
  4. "Меседа Багаудинова: биография экс-солистки группы «ВИА Гра»". FB.ru(оьр.). Дата обращения: 2018 ш. 28 июнехь.
  5. Игорь Аксютаwrote, 2014-12-04 07:05:00 Игорь Аксюта 101 2014-12-04 07:05:00. Самые красивые девушки народов Кавказа (инг.). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 июнь.
  6. Александр Маленков. Неотразимая // Maxim UA : ж.. — 2009. — № июль-август. — С. 80.
  7. 1 2 Меседа Багаудинова // Last.fm
  8. 1 2 Вива, Виа Гра! — Журнал «Maxim»
  9. Любимая женщина Валерия Меладзе стала самой сексапильной «виагрой»! // Комсомольская правда
  10. Меседа Багаудинова: «Я не приму подарок за 190 тысяч долларов!»(ТӀе цакхочу хьажорг) // Комсомольская правда
  11. Меседа Багаудинова — журнал MAXIM
  12. Меседа Багаудинова — Девушки MAXIM
  13. Меседа Багаудинова разделась для Maxim
  14. Уволенная солистка «ВИА Гра» Меседа Багаудинова: «Две брюнетки в группе — это перебор!» // Комсомольская правда
  15. Ускользающая красота // Комсомольская правда
  16. В «ВИА Гру» вернулась «черненькая» Надя! // Комсомольская правда
  17. 1 2 Меседа Багаудинова решила стать популярнее Веры Брежневой? ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль. Архивйина 2016-08-12 — Wayback Machine
  18. Юбилейный концерт ВИА Гры может закончиться родами // Комсомольская правда
  19. Меседа Багаудинова. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль.
  20. Максим Кадаев. Ростовчанка Меседа Багаудинова стала королевой вампиров. Комсомольская правда (2010 шеран 27 апрель). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 18 февраль.
  21. Звезды отрепетировали Новый год: Иван Николаев и другие. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль. Архивйина 2016-08-12 — Wayback Machine
  22. Меседа Багаудинова ждет ребенка. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль.
  23. Экс-солистка «ВИА Гры» Меседа Багаудинова заметно поправилась. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль. Архивйина 2016-08-12 — Wayback Machine
  24. 1 2 Меседа Багаутдинова покажет сольное «Пересечение». InterMedia (2015 шеран 26 февраль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 18 февраль.
  25. 1 2 Экс-солистка «ВИА Гры» Меседа Багаудинова: «Я развожусь и начинаю новую жизнь». ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 июль.
  26. Экс-участница ВИА Гры беременна // Сегодня Мультимедиа (13 Декабря 2011)
  27. Маша Малиновская родила хитреца, а Ани Лорак- упрямицу // Комсомольская правда (20 марта 2012)
  28. Меседа Багаудинова (экс-Виа Гра) - Пересечение(послушать музыку, посмотреть видео клип). tophit.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 20 август.