Бадалов, Руслан Нурдиевич

Русла́н Нурди́евич Бада́лов (1955 шеран 23 сентябрь, Берлиновка, Красноармейскан кӀошт, Кокчетаван область, Кхазакхстан) — нохчийн паргӀата кепар латархо, масийттуза ССРС Кубок яккхинарг, ССРСн чемпион (1982 шо), Канадин Кубок яккхинарг (1982 шо), дуьненан чемпионатан совгӀатхо (1975 шо), ССРС спортан халкъашан юкъара классан говзанча.

Wrestling pictogram.svg
Бадалов, Руслан Нурдиевич
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх ССРС ССРСРосси Росси
Говзалла паргӀата кепара латар
Вина терахь 1955 шеран 23 сентябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Берлиновка, Красноармейскан кӀошт, Кокчетаван область, Кхазакхстан
Спортан карьера 1970-1983
Тренераш Багаев, Дэги Имранович
Йозалла 74 кг
Спортан цӀерш
ССРС халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
«Российн Сийлахь тренер» знак

Руслан Бадалов вина 1955 шеран 23 сентябрехь Кхазакхстанан Красноармейскан кӀоштан Берлиновка юртахь. Цо чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан физкультуран факультет а, Ростовн халкъан бахаман институт а.

СпортНисйе

Руслан Бадалов 15 шо кхаьчча волавелира лата Ӏама. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. Иза леташ вара 74 кг кхаччалц беза болу латархойн юкъахь. 1973 Киевехь ССРСн Кубок яккхира. Цул тӀаьхьа цо кхиамца дакъа лецира дукха ерригсоюзан а, халкъашна юкъара а турнирашкахь.

Болх а, юкъараллин гӀуллакх аНисйе

Спорт йитинчул тӀехь Руслан Бадаловс тренер болх бира, ЧИАССР профсоюзийн ВДФСО когаметтаниг а, председатель а, республикин спорткомитетан председатель а.

1999 шарахь тӀом болабелча иза шен доьзалца ГӀалгӀайн Республике дӀавахара. Цо кхоьллира Нохчийн халкъан кӀелхьардаккхаран комитет а, цуьна куьйгалхо а хӀоттира.

ДоьзаллаНисйе

Руслан Бадалован кхоъ жима ваша лата Ӏемира. Цера а оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара.

Русланан ши кӀант а, йоӀ а ю.

ХьажоргашНисйе