Бакъо — адамийн йукъараллехь, нехан лелар нисдан а, цера йукъаметтиг ларъян а, раж а хилита. Цаьрга вовшен ницкъ ца байта хьажар а, кхин дӀа а, цу тайпа Ӏалашонаш а йoлуш кхоьллан массо а бакъонаш. Цаьра гойту мегар дерг а, мегар доцург а. Уьш ларъян массо стеган тӀе диллан декxар ду.

Нийсонан аллегори.

Бакъонан ницкъ бакъбан, цуьнга мелла алсаме неха ларам а хилита оьшу:

  • бакъонан бух бакъбин тӀелаьцна иза хилар.
  • бакъо тӀелаьцначул тӀаьхьа. Махкахь бехаш болу бахархошна иза дӀакхайкха ян публикацишца. ХӀунд аьлча, хӀора вахархо шен Ӏедало тӀе диллан декъар доьвзаш а, тӀаккха и декъар кхочуш дан дезаш ву.
  • пачхьалкхо тӀелаьцна йолу бакъо лар ян езаш йу. Масалла, и тӀелаьцна йoлу бакъо лар ца йина волу вахархочуна таIзар a деш.

Бакъо, мораль, этика

бӀаьра нисйан

Бакъо моралех а, гӀиллакхеx а, кхаьсташ йу. ХӀунда аьлча бакъонах хоьттан таӀзар ду(цхьаъ вукханах къастаза дозуш ду). Нагахь санна и бакъо тергал ца яхь Ӏаткъам бан.

Ткъа иштта бакъо къаьсташ йу этиках. Бакъона коьрта Ӏалашо йу — дӀа хоттийнa бакъонашан а, Ӏедал- низамийн а, маьӀан хӀу ду билгалдаккха. Цуьнан коьрта Ӏалашо йац: хӀуман моралех хьакхалуш агӀона мах хада бар: нийса ду йа харц ду аьлла. Цундела гӀиллакяхь а, этикехь а, ца догӀуш долу хӀумнаш бакъоно магийна дац аьлла билгалдаькхна ца хила тарло.

 
Дуьненан бакъонан системаш

Бакъонан системийн классификаци

бӀаьра нисйан
  • Романийн-германхойн бакъонан доьзал-цхьанатоьхна йoлу массо а континенталийн Европин пачхьалкхашан бакъонаш. Римера бакъо шей бух а болуш. Оцу бакъонан доьзаллийна йуккъе йoху бакъонан системийн коьрта хьост -нормативан акт йу.
  • Ингалс-саксонийн бакъонан доьзал- тобан йуккъе йоьлху: Йоккха Британийн а (Шотланди йoцург), Канадийн а, Америкин Цхьанатоьхна Штаташийн а, Ямайкийн а, Австралийн а, бакъонан системаш. Оцу бакъонан системшан лардаш йу -принцип stare decisis (лат: хьалхе бина сацам тӀаьхь латтар)
  • Динан бакъонан доьзал- бакъонан системийн коьрта хьост — Делан дош ду. Масалла, бусулб динехь — шарI ду.
  • Ламастан бакъонан доьзал — оцу тобан йуккъе йоьлху бакъонан системашна коьрта хьост йу — ламаст а, Ӏадат а, уьш шийра хенашкахь дуьндахь хьа догӀуш хилари тер наха йух-йуха уьш лела деш, диц а ца деш лаьтта.

Бакъонан кеп-кепара дакъош

бӀаьра нисйан
  • Конституцийн бакъо
  • Административан бакъо
  • Вахаркипан бакъо
  • Финансийн бакъо
  • Доьзалан бакъо
  • Къинхьегаман бакъо

Тайп- тайпана бакъонах хоьттина-дихкина Ӏилманаш

бӀаьра нисйан
  • Бакъонан истори
  • Бакъонан философи
  • Бакъонан социологи
  • Бакъо а, экономикаъ (йа бакъонан экономикин анализ)
  • Бакъонан антропологи

Литература

бӀаьра нисйан

Кеп:Пачхьалкхан а, бакъона а теори