Балба — йалта тӀулгийн шаршолгна йа тӀе тӀулгаш доьттина вордана, дӀадоьжна даьхнешца (стерчий йа говраш) ара лерина йуьртабахаман гӀирс[1]; лелайора Нохчийчохь а, Российн имперехь а XX бӀешо кхачале.

Балбица беш болу болх, Российн импери.
Арахьара суьрташ
Гарма на старинной иллюстрации

Оцу кепара йалта агаро кхоам ца бора, хӀунда аьлча йалтин цхьа дакъа хьоьшу, кегдо, ткъа ча пайден ца хуьлу[2]. Балбанашца агаран йукъара цӀе — даьхнашца йалта хьешар[3] а, лелачу ворданийн чкъургашца иза кенара даккхар[4].

 
Балба Змеиногорскера музейхь
 
Йалх агӀо болу балба

Балба йу тӀулган беран кепара шаршолг, цуьнан хуьлу йалх а, сов а церг[5], лелийна Новороссин къилбан бахамашкахь йалтанан культураш огуш; шуьйра лелийна Дон тӀехь.[6] Куьйга йеш хилла кварцитах — тобеш онда а, хала а Ӏаламан тӀулгах.

«Балбанца арар» — даьхнашца йалта хьешар а, лела ворданан чкъургашца йалта кенара даккхар. Кечйинчу нийса лаьттан майдане охьадохку цӀевнаш, царна тӀехула куьйга йа говрийн гӀоьнца дӀасахоьхкура балба (дукха хьолехь атта хилийта — гуонаха). Кхин а хьалха Россехь йалта огура куьйга цӀевшашкара буьртигаш дохура хьокханца, цундела балбанаша цхьаьна агӀора йалта арарна механизи йира. Йалтаорургаш лелоро (дуьххьарлернаш царех Ӏаьнаран йара) йукъара дӀадаьккхира йалта куьйга даккхар.

ХӀинца каро тарло тайп-тайпана тӀегӀанехь Ӏалаш хилла балбанаш Ростовн областан кӀотаршкахь. Уьш шира а, хаза кепара а йолун дела лелайо ландшафтан дизайнехь а, йиллина музейн экспозицеш кечйеш а. Дукха хьолехь уьш лору хьеран тӀулгаш, амма иза гӀалат ду[6].

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Балба // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  2. Балба // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  3. Вытаптывание зерна животными // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Балба // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  5. Молотильный камень (Зубчатка). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 май. Архивйина 2019 шеран 2 июнехь Архивйина 2019-06-02 — Wayback Machine
  6. 1 2 Старинные каменные шестерни для обмолота зерна. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 май. Архивйина 2019 шеран 22 майхь

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан