Коьрта меню схьаелла

Ба́лтикан хӀорд (пол. Morze Bałtyckie, нем. Ostsee, л.-нем. Oostsee, швед. Östersjön, дат. Østersøen, фин. Itämeri, эстон. Läänemeri, латыш. Baltijas jūra, лит. Baltijos jūra) — Еврази материкан чоьхьара хӀорд, лаьтта Къилбаседа Европехь (кӀеззиг лоцу Малхбуза а, Малхбале а Европан бердаш). Атлантикан океанан бассейн юкъара бу.

Балтикан хӀорд
Baltic Sea map ru.svg
Координаташ58°37′00″ къ. ш. 20°25′00″ м. д.HGЯO
Болу меттигКъилбаседа Европа
Майда419 эзар. км²
Чухоам21,5 эзар. км³
ХӀордан йистан йохалла8 эзар герга. км
Дуккха кӀоргалла470 м
Юккъера кӀоргалла51 м
ХӀордах кхета хишНева, Даугава, Висла
Балтикан хӀорд (Европа)
Blue pog.svg
Балтикера хӀорд мартехь 2000 шо (сурт NASA)
Балтикера хӀорд мартехь 2000 шо (сурт NASA)
Commons-logo.svg Балтикан хӀорд Викилармехь

Балтика хӀордан къилбаседа йисттера меттиг ю Къилбаседа полюсан гуон гергахь (65°40' къ.-с. ш.) гергахь, къилба йисттера — Висмар гӀалан гергахь (53°45' къ.-с. ш.).

Малхбузан йист лаьтта Фленсбурган кӀоштахь (9°10' м-бале д.), малхбален йистт — Пиетарбухан кӀоштахь (30°15' м-бале д.)

ХӀордан майда (гӀайренаш а доцуш) — 415 эз. км². Хин чухоам — 21,5 эз. км³. Чукхета эркаш алсама хиларна хин лахара дуралла ю. Иштта башхалла йолу хӀордех уггаре боккхачех бу[1].

Чулацам

Геологин историНисъе

 
Анцилан Ӏам 8,7 эз. гергга шо хьалха. Скандинавин лаьмнийн баххьаш тӀехь го дисина шаш

Шена тӀехь хӀинцалера Балтийн хӀорд лаьтта континентан чкъоьран дакъа ду, Оьрсийн тектоникан экъан (Фенносармати) хӀоьттина даьлла дакъа. Марталлин массив санна иза кхоллаелла 1,8 миллиард шо хьалха, оцу хенахь дуьйна лаьттина дикка цхьаьнаэшшара. ХӀордан доккхаха долу дакъа, таханлерачу Балтикан бухца догӀуш ду, заманан доккхаха долчу декъехь лаьттира хӀордан тӀегӀанал лакхахь, къилба а, малхбален а дакъош оцу меттиган ехачу заманахь кӀезиг хи долу шельфан хӀордашца къевлина яра, цунна тешалла до оцу областашкара бух тӀе хевшинчу породийн стоммачу чкъоьро. Балтийн кратон кхоллаелла къилба эхиг тӀехь, Къилба полюсан гуон эдиакарин кӀоштара шершина малхбузе, тӀаккха къилбаседехьа, экваторах яьлла 375 млн шо хьалха, 30 миллион шо хьалха кхаьчна хӀинцалерачу хьоле. Тайп-тайпанчу заманахь хилла коьрта дакъа бес-бесарчу материкийн (Нуна, Нена, Родини, Протолаврази, Панноти, Лаврусси, Пангея, Лаврази, Еврази), ткъа цхьаьна хенахь ша лаьтта материк Балтика.

40 миллион гергга шо хьалха, оцу хенахь къилбаседа а, юккъера а, малхбален а Европан контураш кхоллаелла таханлера шуораллашна герга, хин болчу Балтикан хӀордан меттигехь кхоллаелла Эридан (ингл.) эркан атагӀа, иза доьдуш хилла къилба-малхбуза агӀо Скандинавин лаьмнашца нисса — аьлчи а хӀинца долчу Балтикан хӀорд ма-латтара: хьост дара Лапландехь, ткъа чӀогӀа геннаш довлура дельтан кӀоштахь хӀинцалерачу Нидерландийн, кхетара ширачу Къилбаседа хӀордах, хӀинцалерачу Финнийн айман областехь доккха га дара. Антропогенан шен муьрехь, 700 эз. гергга хьалха Эридан сецира, хӀунда аьлча цуьнан атагӀи, ерриг къилбаседа Европа санна, шан кӀела яхара. Эриданан бердашца кхуьура тайга. Ша бинчул тӀаьхьа баганан диттийн силамах янтар хилира.

БилгалдахаршНисъе

  1. Альберт К. Дженсен — Живой мир океанов. Санкт-Петербург: Гидрометеоиздат, 1994. - 256 с. ISBN 5-286-00160-2

ЛитератураНисъе

ХьажоргашНисъе