Балур — шен чохь 24 % сов дашан окись (PbO) (йа барийн окись (BaO)) йолу башха кепара ангали[1]. Дашан оксид тӀетохаро сов боккху ангалин дӀасаозоран гайтам а, цунна чуьра серлонан дисперси а (ювелиран агӀора — «бос ловзар», «цӀе»). Ткъа барийн оксид тӀетохаро дӀасаозоран гайтам бен сов ца боккху. Дашае оксид тӀетохаро кхин а сов доккху ангалин пластикин хьал, цуьнца цхьаьна, иза кечдаран таронаш — сенаш дахар, агар, иштта кхин а. Балуран сенаш дахаро, мехала тӀулгийн сенаш дахар санна, таро ло балуранна шен хьелаш дӀасаозоран а, дисперсин а гайтамашца дуьззина гайта.

Балуран пхьегӀаш
Классикин балуран люстрин масала

Кечдо дашан оксид PbO кремнезёмца, натрийн йа калийн цхьаьнатохарца (содица йа поташца) лалош, кхин оксидаш кӀезг-кӀезиг тӀетухуш. Дашан-калийн-силикатан ангалеш деза ду киранан ангалел а, амма уьш атта лела, дан атта а ду. Цуо таро ло PbO лакхара концентрацеш лело а, лахара — щелочан металлан — атта лаларан зие а ца деш. PbO дукха хиларо дӀасаозоран а, дисперсин а лакхара гайтамаш ло — цхьацца оптикин йуххедилларшна чӀогӀа ладаме йолу ши параметр. Оццу амалаша текхан пхьегӀаш а, исбаьхьаллин кхолламаш а хазбеш долу дашан ангалешна ло лепар а, къегар а.

Балуран ангали

бӀаьра нисйан

Балуран ангали — шена чохь 13—23 % дашан оксидаш а, 17 % калийн оксидаш а долу дашан-силикатан ангали ду. Балуран ангалех йо лакхара дикаллин пхьегӀаш а, декоративан хӀумнаш а. Цуьнан ду лакхара луьсталла, чекх са гар, зӀаьнарш дӀасаозор, къегар, амма лахара йовхонан дуьхьала латтар кхечу тайпана ангалел.

Даша хиларан а, билгала сенаш нисдаран а бахьнехь, балуран хӀумнаш къаьста ша-кепара къегина хиларца а, дукха беснашца къегарца а. Хаза дека. Балу ролу кхин а лакхара дикаллин венецин а, чехин а ангалех. Исбаьхьаллин ангалин (балур) хатӀ — даздаран-парадан, сувениран-совгӀатан хуьлу. Балуран хӀумнаш кечйаран хьесапаш: агар, сенаш бахар, шардар.

Ангалин массин дашан оксид тӀетохар леладора ангали даран йуьххьехь дуьйна, шира Мисрахь а, Месопотамехь а. ТӀаккха а, балур мелла а таханлерачу кепехь ца даьккхина 1676 шарахь бен ингалсан говзанчо Рейвенскрофт Джорджа (George Ravenscroft).

76
GLS

Дуьненайукъара код, цуо гойту, дашан ангали йухадан таро хилар

Россехь болх беш йолу заводаш

бӀаьра нисйан

Беларуссин болх беш йолу заводаш

бӀаьра нисйан

Къевлина заводаш

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Балур — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.