Энри́ке Бальесте́рос (испан. Enrique Ballesteros; 1905 18 январь, Колония-дель-Сакраменто1969 11 октябрь) — уругвайн футболист, кевнахо, 1930 шеран дуьненан чемпион, 1935 шеран Къилба Америкин чемпион.

Футбол
Энрике Бальестерос
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1905 шеран 18 январь({{padleft:1905|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1]
Вина меттиг Колония-дель-Сакраменто, Уругвай
Кхелхина терахь 1969 шеран 11 октябрь({{padleft:1969|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла
Локхалла 183 см
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
?—1926 Уругвайн байрак Мирамар 91 (−93)
1926—1935 Уругвайн байрак Рампла Хуниорс 111 (−80)
1935—1937 Уругвайн байрак Пеньяроль 42 (−61)
СовгӀаташ а, мидалш а
Дуьненан чемпионаташ
Деши Уругвай 1930
Къилба Америкин чемпионаташ
Деши Лима 1935
Борза Буэнос-Айрес 1937
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Шен карьерин доккхаха долу дакъа Бальестерос дӀадаьхьира коьрта шахьран «Рампла Хуниорс» йукъахь, цуьнца йаьккхира клубан цхьаъ бен йоцу чемпионийн титул. Карьерин тӀаьххьара кхаа шарахь левзира «Пеньяролан» йукъахь, кхуззе а чемпион хилира.

Бальестерос 1930 шарахь дуьххьара дуьненан чемпион хилла Уругвайн гулйина командин коьрта кевнахо вара. Иза левзира йерриг матчашкахь, царна йукъахь Аргентинин гулйина командица финалан матч а. Чемпионат йолайаллалц лоьмар цхьаъ дӀалора Масали Андресан, амма тренеран штабо сацам бина низам ца лардарна командин йукъара ваьккхира чемпионат йолайаллале, оцу гӀуллакхо некъ белира Бальестеросан.

Энрике Бальестерос вара коьрта гулйина командин голкипер 1935 шеран Къилба Америкин толаме чемпионатехь. 1937 шарахь Бальестероса дакъа лецира континентан чемпионатехь, цигахь коьрта меттиг къийсира Бесуссо Хуанца «Уондерерсера»[2].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Enrique Ballesteros † // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Martín Tabeira. Southamerican Championship 1937 (исп.). Rec.Sport.Soccer Statistics Foundation (12 августа 2009). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 17 октябрь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионатийн уггаре дика кевнахой