Баранова, Елена Викторовна

Бара́нова Еле́на Ви́кторовна (йина 1972 шеран 28 январь, Фрунзе) — российн баскетболан легенда, ловзаран исторера дуьненан ловзархойх уггаре дикачех цхьаъ один, кхиамаш баьхна, къобал йина Европехь, Азехь, Америкехь. Олимпийн чемпионка (1992). Европин шозза чемпион (1991, 2003), символан гулйина Европин командин ловзархо (2003). Дуьненан шозза вице-чемпион, дуьненан чемпионатан уггаре мехала ловзархо (MVP) (1998), символан гулйина дуьненан командин ловзархо (2002). Российн гулйина командин капитан (2002—2004). NBA юкъара Европера зударех дуьххьара ловзархо (1997), Россера цхьаъ бен йоцу ловзархо — NBA зударийн Дерриг седарчийн Матчан декъахо (WNBA All-Star Game, 2001). Евролигин чемпион, Евролигин (2003) уггаре мехала ловзархо (MVP). Ронкеттин кад баьккхинарг 1997 (хӀинца Европин кад). Российн ялхазза чемпион, Российн кедан толамхо. ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1992).

Баранова Елена
Yelena Baranova 63.jpg
Карьера чекхъяьккхина
Позици Еза форвард / Центровой
Локхалла 192 см
Йозалла 84 кг
Гражданалла РоссиFlag of Russia.svg Росси
Йина терахь 1972 шеран 28 январь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (50 шо)
Йина меттиг Фрунзе, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС
Драфт КъБА 15-гӀа хьалхарчу муьрехь, 1997, Юта Старзз

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Барселона 1992 баскетбол
Борза Афина 2004 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Германи 1998
Дети Цийчоь 2002
Европин чемпионаташ
Деши Исраил 1991
Борза Чехи 1995
Борза Польша 1999
Дети Франци 2001
Деши Желтойчоь 2003
Пачхьалкхийн а, ведомствийн а совгӀаташ
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ХӀинца куьйгалла деш ю Москохан № 4 йолу А. Я. Гомельскийн цӀарах УОР баскетболан декъан.

БиографиНисйе

Нана — Баранова Татьяна Александровна. Да — Петраков Виктор Степанович. Майра — Гуляев Борислав Александрович. Бераш — шала дина Маша а, Миша а (бина 2006 шеран 1 ноябрехь).

Профессионалан баскетболехь 16 шо кхаьчначу хенахь дуьйна ю. Баскетболах ловза йолаелла 1982 шарахь (10 шо долуш) Фрунзе гӀалахь Русских Людмила Викторовна тренер йолчохь. Ах шо даьлча тренировкаш еш яра шел баккхийчаьрца (1970 б.ш.), 15 шо долуш говзанчийн ССРС хьалхарчу лигера «Строитель» (Фрунзе) командехь яра. 1988 шарахь 16 шо долуш чукхоьссира 24 очко ригин ТТТ командин ССРС хьалхара лигин хьалхеяккхаран матчехь, 1989 шарахь — коьрта кхо очко кхоьссира лакхара лиге бовлар къовсучу матчан тӀаьххьарчу секундашкахь Дон-тӀера-Ростовн «Красни Аксай» командин. 1987 шарахь дуьйна (15 шо долуш) ССРС кадетийн гулйина командин юкъаийзо йолийра, 1989 шарахь дуьйна (17 шо долуш) — ССРС къоман гулйина команде. ССРС гулйина командехь дебют хилира 1991 шарахь Европин чемпионатехь 19 шо долуш, масех матч левзира стартан хӀоттамехь.

1991 – 2004 шерашкахь дакъалецира ерриг турнирашкахь ССРС, ЛПД, Российн къоман гулйина командашна юкъахь (Олимпиада-2000 йоцург, иза юкъаха йисира гола лазаярна), левзина уггаре дукха официалан матчашкахь къоман гулйина командин российн исторехь (106), чукхоьссина уггаре дукха очков (1245 сов), тускар кӀелара уггаре дукха буьрка схьаяьккхира (847 сов). Мехкан сий лардира кхаа Олимпиадехь (1992, 1996, 2004), шина дуьненан чемпионатехь (1998, 2002), ворхӀ Европин чемпионатехь (1991, 1993, 1995, 1997, 1999, 2001, 2003). Российн гулйина командин капитан, дуьненан чемпионатехь 2002 (Цийчоь), Европин чемпионатехь 2003 (Желтойчоь), Олимпийн ловзаршкахь 2004 (Желтойчоь). Бераш динчул тӀаьхьа (2006 шеран 1 ноябрь) 2007 шеран мартехь юхаеира профессионалан баскетболе.

XX бӀешеран Российн уггаре дика баскетболистка (1999 шеран декабрехь «Спорт-Экспресс» газето хаттарца), Российн гулйина командин капитан (2002—2004).

Керлачу исторехь уггаре дика ловзархо российн баскетболехь (Агенталла «Ерриг Спорт» рейтинг, 2020 июнь)[1].

Уггаре дика дуьненан баскетболисткех цхьаъ. Лекха ловзархо йоллушехь (192 см) координаци, сиха лелар, дегӀан меженийн саттар, ойлаяр, майда гар дара цуьнца. Спортхо аьттонца ловзура муьлххачу позицехь, юккъерчунна тӀера юкъакхуссург тӀекхаччалц. Европера дуьххьала ловзархо зударийн NBA (1997), Россера дуьххьалара ловзархо Зударийн NBA Седарчийн Матчехь (2001). Левзина 4 официалан матч божарийн «Бизоны» (Мытищи) командин юкъахь Москохан областан чемпионатехь (1999), хилира, таханенна, цхьаъ бен йоцу зуда, божарийн командашкахь официалан къийсамашкахь левзина.

СовгӀат дина «Даймехкана гӀуллакхаш дарна» орденан мидалца (2007). 2006 шеран декабрехь Российн баскетболан 100 шо кхачар даздаран гуранчохь даймехкан баскетбол кхиорехь дакъалацарна а, лакхара спортан кхиамаш бахарна а РФ Президентан баркалалла делира.

2013 шарахь Москомспорто хӀоттийна А. Я. Гомельскийн цӀарах ОРД баскетболан декъан куьйгалхо. 2013/2014 шарахь делира ерийн-жимахойн Евролигин (EYBL) уггаре дикачу тренеран совгӀат. 2015/2016 шарахь Гомельскийн ОРД йиъ команда левзира Российн хьалхейахаран финалашкахь, шиъ дешин а (зудабераш 1999 а, 2000 а), шиъ детин мидал йаьккхина (зудабераш 2002 а, 2003 а), ткъа Гомельскийн ОРД делла РБФен хьакъ долу совгӀат — Российнуггаре дика баскетболан ишколан совгӀат.

Карьера ДКъБАхьНисйе

7 шо (1997, 1998, 1999, 2001, 2003, 2004, 2005), 220 ловзар, 2215 очко.

Зударийн КъБАхь Европера хьалхара российхо а, хьалхара ловзархо а (Юта Старз, 1997), 16 уггаре дика дуьненан ловзархочунна йукъара ДКъБА хьалхара драфтан декъахо (ДКъБА хьалхара шеран хьалхара драфтал хьалхара йуьхьанцалера дӀасакъастор, 1997 шеран январь).

1997 шеран ДКъБАхь — лигехь блок-шоташца уггаре диканиг (йуккъера барам 2,25 йуккъера барам ловзарехь).

Цхьаьна ловзарехь кхо очко кхоссарехь ДКъБА рекорд хӀоттийна 1997 шеран 22 июлехь (7 чукхоьссина 9-нах).

2001 шеран ДКъБАхь — Bud Light Shooting Champion совгӀат даьккхина, уггаре дика йу лигехь гӀуда чукхоссарца (93,1 %).

Зударийн КъБА Дерриг Седарчийн матчехь (WNBA All-Star Game) левзина хьалхара а, цкъачунна цхьаъ бен йоцу а российхо (Майами Сол, АЦШ, 2001). Левзина Малхбален Конференцин командехь (10 очко, 7 схьаэцна, 2 дӀайелла, 4 блок-шот йина 25 минотехь). WNBA All-Star Game рекорд хӀоттийна блок-шоташца — 4.

Малхбален Конференцин ДКъБА 2001 ахфиналхо (Майами Сол).

ДКъБА 2004 Малхбален конференцин финалхо (Нью-Йорк Либерти). Лигехь гӀуда кхоссаран уггаре дика процент йолуш чекхдаьккхина шо (92,5 %), Кхо очко кхоссаран процентаца шолгӀа йара (46,1 %), дуьхьалонехь буьрка схьаэцарехь (6,3 ловзарехь) шолгӀа йара, блок-шоташца йоьлгӀа йара (1,7 ловзарехь).

ДКъБА 2005 Малхбален конференцин ахфиналхо (Нью-Йорк Либерти).

«Универсалан кхерамтасаран» амплуахь Баранова Елена (ДКъБА кхин а йевза «SuperNova» а, «Russian Queen» а санна) йу шен карьерехь зударийн КъБАн исторехь 200 очко чукхоьссина, 200 дӀайала лерина буьрка схьалаьцна, 300 блок-шот йина, 400 жамӀе буьрка дӀайелла цхьаъ бен йоцу ловзархо.

Дуьненайукъара карьераНисйе

 
2012 год. Баранова Елена (44) «Вологда-Чеваката» — «Лотто Янг Кэтс» матчехь

ССРС, ЛДП, Российн гулйина командашкахь (105 ловзар, 1379 сов очко, 847 сов схьаэцар):

Барселонера Олимпийн чемпион (1992), Афинашкара Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (2004), Европин шозза чемпион (1991 шарахь ССРС гулйина командин йукъахь, 2003 шарахь Российн гулйина командин йукъахь), шозза дуьненан вице-чемпион (1998 а, 2002 а), Европин вице-чемпион (2001 шо), Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо (1995). 1988 шеран кадеташна йукъара Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо (Румыни), 1990 шеран жимахошна йукъара Европин чемпион (Испани). Российн гулйина командин капитан Цийчуьра дуьненан чемпионатехь (2002), Желтойчуьра Европин чемпионатехь (2003), Афинера Олимпийн ловзаршкахь (2004).

Клубан командашна йукъахь (22 профессионалийн шо, 1000 сов ловзар, 12000 сов очко, 6000 сов буьрка схьаэцар):

Евролигин чемпион (2003, УГМК), махкахь цхьаъ бен йоцу Российн йалхазза чемпион (1995, 1996, 1997 ЦСКА йукъахь а, 2002, 2003, 2009 УГМК йукъахь а), Российн шозза вице-чемпион (1998, ЦСКА а, 2005, Динамо Москох а), Российн чемпионатан шозза борзанан совгӀатхо (2011, Надежда), Исраилан шозза чемпион а, Исраилан шозза кад баьккхинарг а (1993, 1994), Туркойчоьнан вице-чемпион а, кад баьккхинарг а (2000), клубийн командашна йукъара Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо (Чемпионийн кад, 1995, ЦСКА), Ронкеттин кедан толамхо (1997, ЦСКА), Испанин Суперкедан толамхо (2007, Рос Касарес Валенсия), Испанин Кад баьккхинарг а, чемпион а (2008, Рос Касарес Валенсия), Российн кад баьккхинарг (2009, УГМК Екатеринбург).

Тренеран а, административан а карьераНисйе

2013 шарахь Москомспорто хӀоттийна А. Я. Гомельскийн цӀарах ОРД баскетболан декъан куьйгалхо.

2013/2014 шарахь Берийн-жимахойн Евролигин (EYBL) уггаре дика тренеран совгӀат делла.

2014/2015 шарахь Гомельскийн ОРД кхо команда Российн хьалхейаккхаран финале кхечира, жамӀ — 3 дети (зудабераш 1999, 2000, 2001), 1998 шеран зудаберийн командо борзанан мидалш йехира.

2015/2016 шарахь Гомельскийн ОРДан йиъ команда левзира Российн хьалхейаккхаран финалашкахь, даьккхира шиъ деши (1999 а, 2000 а шерашкара зудабераша), шиъ дети (2002 а, 2003 а шеран зудабераша), ткъа Гомельскийн ОРДан делира хьакъ долу совгӀат РБФс — Российн уггаре дика ишколан совгӀат.

2016/2017 шарахь Гомельскийн ОРДан цхьа команда Российн хьалхейаккхаран толамхо хилира (2000 шеран зудабераш), жамӀ — 1 деши. Гомельскийн ОРДан кхоъ кхиорхо (Кожухарь Валентина, Сафонова Олеся, Черен Виктория) Российн U19 гулйина командин йукъахь дуьненан чемпионаш хилира.

2017/2018 шарахь Гомельскийн ОРДан йиъ команда левзира Российн хьалхейаккхаран финалашкахь шайн хенан категорешкахь (2001, 2002, 2003, 2005 шерашкара зудабераш), жамӀ — 4 дети.

2018/2019 шарахь Гомельскийн ОРДан кхо команда Российн хьалхейаккхаран толамхой хилира (2002, 2003, 2005 шерашкара зудабераш), жамӀ — 3 деши. Гомельскийн ОРДан кхоъ кхиорхо (Огун Камилла, Репникова Дарья, Кожухарь Валентина) Российн U20 гулйина командин йукъахь Европин хьалхейаккхаран вице-чемпионаш хилира. Гомельскийн ОРДан йиъ кхиорхо (Андрущенко Мария, Бочарова Анастасия, Логинова Вероника, Савкович Кристина) Российн U16 гулйина командин йукъахь Европин чемпионаш хилира.

2019/2020 шарахь Гомельскийн ОРДан цхьа команда Российн хьалхейаккхаран толамхо хилира (2003 шеран зудабераш), йисина йерриг категореш совцийна.

ХьажоргашНисйе

БилгалдахаршНисйе