Барта кхолларалла
Барта кхолларалла — билггал волчу цхьана стага кхоьллина йоцуш, халкъо кхоьллина йолу, барта йийцарца нахана йукъахь ехаш йолу произведенеш ю.
Истори
бӀаьра нисйанВайнехан халкъан исбаьхьаллин культурин мехала дакъа ларало. Вайн халкъан ширачу заманахь хиллачу Ӏер-дахарах, цуьнан лехамех, психологех лаьцна йозанан а, кхин долу а тоьшаллаш къен хиларе хьаьжча, барта произведенешкахь хаалуш долу генна хьалха дӀадаханчуьнан зов шена тӀе тидам бохуьйтуш ду. Цунна, Ӏилманан лехамашка диллича, ондда тӀетовжа йиш йацахь а, амма бӀешерашкахь халкъан синкхетам, гӀиллакх-оьздангаллин институташ и. дӀ. кх. кхуьуш, заманан йохаллехь хийцалуш схьа муха еана боху маьӀна дан таро ю. И мехала гӀуллакх гуттар тидамехь латтадора оха хӀара книга вовшахтухуш. Цундела хӀокху сюжето ешархо цец воккхур ву аьлла, иза хьалха а ца йоккхуш, цуьнан лергана аьхна хир йац аьлла, тӀаьхьа а ца тоттуш, цо тӀекхуьучу тӀаьхьенна хьалха дӀадаханчун мелла а суртхӀоттор ду боху илли, шира дийцар, кица, хӀетал-метал, халкъан тидам йукъа балийна оха. И Ӏалашо мелла а юьззина кхочушъян гӀертарца доьзна ду хӀокху йукъа массо а аьлла нохчийн фольклоран жанр шуна йовзийта гӀертар а. ХӀокху гуламна йукъа мел яхана барта произведени дуьххьара дӀа а язйина, дуьххьара зорбане ара а йоккху боху хӀума мел деза хеттехь а, цунна тӀе а ца гӀиртина тхо. Ешархочун синкхетам «самабаккха», цуьнан шен халкъан культурин мехаллех дозалла дан таро йолу некъ шорбан Ӏалашо йолу хӀинцалца зорбане арайийла, я цхьацца бахьанехь арайийла йиш йоцуш лаьттина хӀумнаш шуьйра йукъаялийна оха, цкъа делахь, уьш карла а евр ю, шолгӀа делахь, церан эстетически шовкъо кхин цкъа а мехала тӀеӀаткъам а бийр бу аьлла. Шена тӀе ондда тидам бахийта безаш гӀуллакх хета тхуна вайн оьздачу, дикачу Ӏадатийн а, фольклоран а уьйр хадар. Халкъан иэсехь я этнографин Ӏилманехь цхьацца хаамаш бисина вайнехан деле догӀа дехарца, зуда ялор йигарца, берийн ловзаршца, кхидолчуьнца, амма цаьрца цхьаьна леллачу эшарийн лар яйна. ТӀепаза яйна аьлла догдилла ца лаьа, уьш лахар вайн массеран а гӀуллакх а хилла дӀахӀоьттича, карор яра аьлла хета. Цу декъехь тхайн дан аьтто баьллачунна оха зорбатуху «Ӏадатийн поэзи» бохучу декъехь. Мифологис адаман уггаре а ширачу заманан синкхетам бовзуьйту. Цуьнца доьзна дийцарш Ӏаламат дукха хилла вайнехан. Амма уьш дӀаяздина охьадехкина вуно кӀезга ду, ткъа зорбане ара кхин кӀезгох девлла. Халкъан культурина боккха иэшам бу и. Иллеш дӀаяздаран гӀуллакх вуно чолхе а, жоьпаллин а болх бу. И мехала хазна гулъеш а, Ӏилманца толлуш а гӀуллакх дина волчу Вагапов Якъуба а, Эльмурзаев Сираждис а, Джамалханов Зайндис а, Мунаев ИсмаьӀила а диначунна тӀе шайн хазна йиллина къоначу филологаша Кадиев Руслана а, Цуцаев Ӏалавдис а, кхечара а. Царна баркалла ала лаьа тхуна. Чаккхенгахь оха ялийначу комментарешка хьаьжча шуна хуур ду хӀара иттанаш, иттанаш адамаша цхьана бина болх буйла. ТӀейогӀучу заманахь а фольклораца уьйр-шовкъ йолу нах вовшах а тухуш, вайн халкъан барта хазна гулъяран а, зорбане кечъяран а гӀуллакх кхин а жигарадаккха Ӏалашо а ю тхан.