БархӀ везачун тӀом (итал. Guerra degli Otto Santi) — 1375—1378 шерашкара коьртехь папа Григорий XI-гӀа волу Папин пачхьалкхан а, Флоренци коьртехь йолу италин пачхьалкхийн коалицина йукъара тӀом.

БархӀ везачун тӀом
Терахь 13751378 шеран июль.
Меттиг Апеннинийн ахгӀайре
ЖамӀ Тиволин машаран барт
МостагӀий

Папин область

Италин гӀаланийн-пачхьалкхийн коалици:
Флоренци
Милан
Сиена

БӀаьччаш

Хоквуд Джон (1377 шо кхаччалц),
Женевин Роберт (1377 шарахь дуьйна)

Флоренцин комисси

 
Хоквуд Джон

1370-гӀа шерашкахь папин курияс йуккъера Итали шайн Ӏаткъаме йало планаш хӀитто буьйлабелира, цунах ларлуш йара дукхаха йолу италин гӀаланаш. Иштта, Флоренцис девнехь дакъалецира, курис шайн бахамех Романи а, Умбри а дӀатохарна, ткъа цара ладаме роль лелайора гӀалин бахаман дахарехь. Шен рогӀехь, Григорий XI реза вацара Флоренцина Миланан урхалчин Бернабо Висконтица тӀамтӀехь гӀо ца дарна. 1375 шарахь, тӀом чекхбала герга бахча, дукхаха болу флоренцихой кхоьрура, папа Тосканин агӀора хьажарна.

Цул сов, папин гӀаланийн бахархошна дукха новкъарлонаш йора Григорием XI-гӀачо Миланан дуьхьала тӀом бан лаьцна болх боцу йалхоша[1].

  1. Holmes, George. 2000. Europe: Hierarchy and Revolt, 1320—1450. Blackwell Publishing. ISBN 0631213821. p. 131.