Басар тохар
Басар тохар — чолхе физикин-химин технологи, цуьнан жамI ду чIогIачу материалийн тIехула диллина онда басаран чкъор. Иштта чкъор дуьллу материалаш, басар хьокхучу меттигца уьйр тосу тIуьнчу хьолехь. Басар туху контакт йолучу я йоцучу хьолехь. Басар тухучу хенахь хила тарло цахеддаш чухоаман хьолехь а, кегийра дисперсан хьолехь а, я хIуркепара хьолехь. Басаран материалан чIогIачу бухца тасадаларан хиламах адгези олу, и хилам физикин химера бу. Басар тохар гайтина дукха технологешца, технологин гIирсашца. ТIедиллина басаран чкъоьран термобелхан тIегIанехь туоло басаран материал бух тIиера материалаца тасадалар, даржар, полимеризации, басаран гIайренаш монолитан чкъор хилла цхьаьнакхетар. Бос тобаран хьесапашна юкъахь, басар тохар къаьста басар хьакхарх, бос хийцар доьзна ду басар тухучу хIуманна чкъор лацарца.
Басар тохаран функцеш:
Басар тохаран цикл лаьтта
- тIехуло кечъяр (цIанъяр, шаръяр, грунтовка хьакхар),
- басаран материал тIейиллар,
- термобелхаш.
ГIирс юкъайогIу:
- пеш, термоишкап;
- даржоран гIирс;
- белхан гирсаш (басаран пульт, компрессор, щетка, вискозиметр).
Басаран технологеш юкъахь:
- хIуран басар тохар;
- электростатикан аренахь басар тохар.
Промышленностехь басар тухуш меженаш циклан муьрашка ло конвейерца.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Руководство для подготовки инспекторов по визуальному и измерительному контролю качества окрасочных работ / Пирогов В.Д.. — 3. — Екатеринбург: ООО «ИД «Оригами», 2012. — 208 с. — 1000 экз.
- ↑ Антикоррозионная защита / Козлов Д.Ю.. — Екатеринбург: ООО «ИД «Оригами», 2013. — С. 343. — 440 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-904137-05-2.
- ↑ КАК ПОКРАСИТЬ СТЕНЫ НА КУХНЕ .
Литература
бӀаьра нисйан- Автомобиль. Покраска и защита от коррозии Автор: Мельников И. В. Издательство: Феникс Год: 2007 Страниц: 31 ISBN 978-5-222-11745-3
- Лакокрасочные материалы|Илья Мельников|2013