Баскетбо́л (инг. basket — тускар, ball — буьрка) — буьркаца спортан ловзар. Баскетболехь ловзуш ши команда хуьлу. ХӀора командан Ӏалашо йу буьрка дуьхьалболчера тускаран чукхоссар а, шайн тускар Ӏалашдар а[1]. Тускар ду 3,05 метр лекха хӀоттина (10 фут). ХӀора командера майданан тӀехь хуьлу пхип стаг. Командехь 12 стаг хуьлу. Ловзуш берш ма-луу хийца йиш йу. Генара (3 очко луш долу сизал дехьара) буьрка чукхоьссича 3 очко ло. Оцу сизал сехьара чукхоьссича 2 очко ло. ГӀудан кхоссар чукхоьссича 1 очко ло. Баскетболан майда йу 28 метр йеха а, 15 метр шуьйра а. Баскетбол йу дуьненахь гӀаръялла спортан тайп[2].

Баскетболан буьрка
Баскетболан майда
Майкл Джордан яш ву слэм-данк
Нохчийн баскетболист Увайс Ахтаев

Баскетбол йу Олимпан ловзарийн программе йукъайогӀуш 1936 шо дуьйна. И ловзар кхоьллинарг, Джеймс Нейсмит оцу Олимпиадехь хьаша вара. Божарийн йуккъехь баскетболан дуьненан чемпионаташ йолайелира 1950 шарахь, зударашна йуккъера чемпионаташ — 1953 шарахь, Европин чемпионаташ — 1935 шарахь.


Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Большой Энциклопедический словарь (БЭС; 1992; 2-е изд., 1998)
  2. They think it's all over. The Guardian (2008, 6 декабрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 24 августехь. Теллина 2008 шеран 24 декабрехь. (ингалс.)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Олимпан спортан тайпанаш