Басма — дайн бамбин шера басартоьхна йа дуьйцина кӀади, иза до башха дина морса миткалах басардаран-кечдаран операцешца. Дукха хьолехь басмин луьсталла хуьлу 80 – 100 г/м². Басма леладо дайн тӀехулара духар, божарийн кучамаш, меттан шаршуш тоьгуш.

КуваевскийгӀеран басмадаран мануфактурин тӀехь олхазарийн бустам болу кӀадеш, 1896 шо. Ивановон пачхьалкхан историн-мохкбовзаран Д. Г. Бурылинан цӀарах музейн гуламан йукъара кӀадешна чуьра модерн.

Кепа тоьхна суьрташ долу басма йукъабаьлла XI бӀешарахь Каликутехь[1]. Басма хьахабо XII бӀешеран хӀиндин литературехь йаздархочо Емакандрас кепа тоьхна лотосан суьрташ долу кӀади[1]. XV бӀешарахь Гуджаратера басмин кӀелтухург кхечира Мисре[1]. Кепа тоьхна суьрташ долу басма дора Суратера бамбех, и бамба боьдура бухна.

Малхбузен Европа

бӀаьра нисйан

XVII бӀешарахь Европе Ост-ХӀиндин компанеша ХӀиндера кхечу сурсаташца цхьаьна чудохьура бамбин эханг а, кӀадеш а, басарш а, басма[1] а. Дикка тӀекхетта чубохьу басмин барам бахьнехь, 1683 шарахь ХӀиндехь кӀади дан долийра Европин мехкашкахь тӀеэцна кепара. Кепа тоьхна суьрташ долу хӀиндин кӀадеш шуьйра леладора тӀетухург, интерьерийн декор санна, цӀахь лело а, аьхкенан духар тоьгуш а. Амма церан мах чӀогӀа лакхара бара, Францин цхьацца кӀошташкахь, чудеина бамбин кӀадеш басар а дой, тӀе сурт тухура, малхбален кеппийн копеш йора. ПхьалгӀанаш дӀайиллира МагӀселехь (1654), Авиньонехь (1677), Нимехь (1678). ХӀиндера кхелхинчу говзанчаша гучуйехира кӀадин дика лаьтта басардаран технологеш. Йуьхьанца кӀади тӀетохаран хьесап хӀиндин санна дара: тӀе басар доьттина схьабаьккхина бустаман кеп кӀадина тӀетаӀайора, тӀеоьшург щетканашца тӀетухура. ТӀаьхьуо бустамийн барам тӀекхийтира кхоъ-биъ кхаччалц, цуо таро лора дуккха бесара суьрташ дан. 1681 шарахь Кольбера омар дира кепа тоьхна суьрташ долу кӀадеш дан ца магош, хӀунда аьлча алсама модехь долу дораха французийн бамбин а, воьтин а кепа тоьхна суьрташ долу кӀадеша конкуренции йора французийн тӀергӀан а, дарин а кӀадешна. 1685 шарахь Нантан эдикт дӀадаккхарца кепа тоьхна суьрташ долу кӀадеш дарна боккха бохам хилира, хӀунда аьлча дукхаха болу пхьалгӀанийн долахой гугеноташ хиларна а, уьш хьийзош хиларна а. Амма кепа тоьхна суьрташ долу кӀадеш аристократина оьшуш хиларна, мелла а къайлаха пхьалгӀанаш йехкира.

XVI бӀешо чеккхенгахь дуьйна девза Ингалсчоьнна хӀиндин басмин кӀадеш: 1592 шарахь лаьцнера Португалин «Ӏийсан нана Марьйам» цӀе йолу кема, тӀехь и кӀади а долуш. 1631 шарахь дуьйна Британин Ост-ХӀиндин компанин бакъо йелира ХӀиндера кӀадеш махка чудан. Хан мел йели махкахь кхуьура шеш басма баран гӀуллакх. 1664 шарахь дуьйна Паччахьан Ӏилманан йукъараллин декъахой кӀадин тӀера ца туьлу сурт даран хьесап лохуш бара. И Ӏалашо кхочушйира йукъараллин декъахочо Хока 1696 шарахь. Амма хаамаш бисира, 1690 шарахь цхьа «кӀадеш басардаран ингалсан хьесап» девзаш хиларх. Кепа тоьхна суьрташ долу басма баран гӀуллакх кхиарна аьтту бира Нантан эдикт дӀадаьккхинчул тӀехьа Францера мухажираш-гугеноташ бахкаро а. Амма XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь бамба тобаран болх тӀехь-тӀехьа лаха болуш бара: 1701 шарахь Ингалсчу баьхьира 900 775 кг, ткъа 1730 шарахь импортан чухоамлагӀбелира 701 014 кг. Уггаре хьалха иза доьзна тӀергӀан кӀадешдархой ларбаран законаш тӀеэцарца[2]. Ингалсчоь гӀарайаьлла шен машин мануфактурашца, тӀергӀан кӀадеш дар даьржинера мехкан къилбехахь а, малхбалехь а. ХӀиндостанера Ост-ХӀиндин компанеша чудохьу дораха басмаш, гӀарадевллера, цуо новкъарло йора мануфактурин долахойн санашна. 1700 шарахь парламенто чубан ца магийра хӀиндера, Цийчуьра, ГӀажарчуьра басарбина басма йа басмин кепа тоьхна суьрташ долу кӀади. Ингалсчу дан долийра морса миткаль, цунна тӀаьхь мехкан къилбехахь тухура гӀарайевллачу моделийн бустам. Ланкаширехь дан доладо воьтин а, бамбин а тайнаш долу сира кӀади, иза девза бумзи (fustian) санна, цуьнан кечдаран тӀаьхье хуьлура Лондонехь[2]. 1720 шарахь бамбин импорт кхочу 1701 шеран тӀегӀане. Цуо дохийта тӀергӀан кӀаденаш дечарна пайден керла законаш, цара чӀагӀдора, бамбин кӀадеш даржаро машин кӀадеш деш йолчу мануфактурашкара белхан меттигаш дӀайоху бохуш[3]. Иштта 1712 шарахь парламенто йукъайоккху басма лелорна налог, цхьаьна ярдна 3 пенс, 1714 шарахь налог айира 6 пенсе кхаччалц. 1720 шарахь дохка ца магийра кепа тоьхна суьрташ долу а, шера басардина а кӀадеш, махкахь динехь а, дозанал арахьара чудеинехь а, царна йукъа ца догӀу шера басардина сийна кӀадеш. Амма 1736 шарахь парламенто бакъо йелла ийна кӀадеш (воьта а, бамба а) дан а, иза тӀамара дан а, кӀадех олура блекбурнан кӀадеш. 1764 шарахь бамбин импортан барам хилира 1 755 580 кг[4]. 1774 шарахь дуьйна Ингалсчохь бакъо йелира бамбин кӀадеш тӀамара дан, уьш лелоран налог хилира ярдах 3 пенс, тӀаьхьарчу шерашкахь тӀаьхь-тӀаьхьа ойура

Россехь а, Советийн Союзехь а басма чӀогӀа гӀарадаьлла дара. ССРСехь къоьллин хьелашкахь кӀадешна йукъахь бораха къегина басарш долу басмех (хууш ду цунах «самукъане басма» олурий) зударшна кучамаш а тоьгура, божаршна турсеш а тоьгура.

1780-гӀа шерашкахь дуьйна басма дукха бора российн кӀадеш ден центрехь Ивановохь, цундела гӀалех олура «басмин паччахьалла». Ивановохь йу басмин музей.

 
Басмин кӀадин структура

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 Encyclopedia Britannica (2008). calico
  2. 1 2 Espinasse 1874, p. 296
  3. Espinasse 1874, p. 298
  4. Espinasse 1874, p. 299

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «басма»