Бати́ров Мавлет Алавдинович (1983 шеран 12 декабрь, Хаси-Эвл, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — российн паргӀат кепар латархо, шозза Олимпиадан чемпион (2004, 2008 шерашкахь), 2007 шеран дуьненан чемпион, 2006 шеран Европин чемпион, массийтуза Российн чемпион; Адам Батиров цӀе йолу Азин чемпионан воккха ваша.

Мавлет Алавдинович Батиров
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d]
Клуб ЦСКА
Вина терахь 1983 шеран 12 декабрь({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (40 шо)
Вина меттиг
Локхалла 160 сантиметр
Йозалла 60 килограмм

Биографи нисйе бӀаьра

ЖӀайхо[1].

Батиров жима волчу дуьйна цуьнан дас тайп-тайпана спортан къийсамашка вуьгура. Цунна 7 шо кхаьчча дас иза спортан секце вигира. Цуьнан хьалхара тренер вара Сайгидпаша Умаханов.

2003 шо дуьйна Батиров Российн гулйина тобанан декъашхо ву. Иза вара ЦСКА клубехь. Цуьнан тренераш бара Сайгидпаша Умаханов, Магомед Азизов, Джамболат Тедеев.

2008 шарахь Пекинехь хилла Олимпиада чекхйалчула тӀехь цунна операци йира. И операци бахьнехь цунна 66 кг кхаччалц йозаллин категоре вала дийзира. 2010 шарахь шен керла категорехь иза сиха эшийра[2].

2011 шарахь Мавлет Российн чемпионатехь дато мидал йаьккхира шен ваша Адам воцург массо а эшавеш. 2011 шарахь дуьненан чемпионатехь Адамега мидал йаккхар ца хилир.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • Олимпиадийн чемпион (Афины 2004, Пекин 2008);
  • Дуьненан чемпион а (2007), борзан совгӀатхо а (2006);
  • Европин чемпион а (2006), борзан совгӀатхо а (2003);
  • Российн чемпиона а (2003, 2004, 2006, 2008 шераш), дато мидалхо а (2005, 2007, 2011).

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Российн Сийлахь спортан говзанча (2004)
  • Орден Дружбы (2006 шеран 18 февраль);
  • Орден Почёта (2009 шеран 2 августа).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра