Беканча[1] йа Йишлакхархойиш лакхарх болх бинарг; музыка кхочушйийриг: йиш, романс, ари, хор, эшар, и кхин дӀа; шен аз долуш музыкин гӀирс тӀехь музыка локху музыкант. Беканча — уггаре даьржина вокалхочун тайпа.

Синатра Фрэнк студехь.

Жанрийн классификацеш

бӀаьра нисйан

Беканчийн цхьа билгала музыкин говзалла хуьлу:

Классификаци аьзнашца

бӀаьра нисйан

Классикин музыкехь а, оперехь а аьзнаш туьду музыкин гӀирсаш санна. Композиторш музыка йазйо беканчин озан башшхалла а, говзалла а лоруш, оцу гӀирсан.

Аьзнийн (цуьнга терра беканчийн а) классификацин дуккха а системаш йу. Цхьайолчара царех лору озан чӀогӀалла, аьлча а, мел чӀогӀа беканчега йиш лакхало; кхечара — мел лелаш ду, виртуозан, къаьсташ ду беканчийн аз; кхоалгӀачара йукъатуху музыкел арахьара амалш, масала тӀехулара сурт, актёран хьуьнарш, кхин дерш а.

Кхечаран алсама лелайо беканчин озан диапазон а, стен-боьршалла а классификаци. Йеккъа оцу шина хьесапца куьйгалла дича а, хуьлу шортта тайпанаш. Кхузахь дела йалх коьртаниг.

  • Зударийн аьзнаш:
  • Божарийн аьзнаш:
    • тенор — божарийн лакхара аз
    • баритон — божарийн йуккъера аз
    • бас — божарийн лахара аз

Кхин тайпанаш — колоратурин сопрано, драмин тенор, бас-баритон, бас-буффо, бас-профундо. Кхин а йу зударийн озан диапазонехь локху божарийн-беканчийн категореш. Оцу тайпана аьзнаш кӀезиг ду, леладо, коьртаниг, оперехь. бароккон музыкехь дукхаха йолу ролаш йазйинера баьӀначарна — божаршна-беканчашна, къона болуш, озан мутаци ца хилийтархьама, боӀуш операци йинчарна, тӀаккха дуьсу лакхара, зударийн санна, аз (хьажа БаьӀна беканчаш). Таханлерачу вокалан лакхарехь и ролаш лелало, фальцет олу йишлакхаран кхиина техника йолчу, беканчега. Иштта тайпана беканчех олу сопранохой (изза контратенор, изза божарийн альт)[2].

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. А.Исмаилов, "Дош", русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.33
  2. Кастрат Фаринелли или кто такие сопранисты? • «7x7» Горизонтальная Россия