Бека Курхули
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Бека Курхули (ბექა ქურხული) — (1974 шеран 6 октябрь, Тиблиси , Гуьржийн ССР) — гуьржийн йаздархо, т1еман репортер вина журналист Джемаль Курхули доьзаллахь.
Гражданалла: Гуьржийн Пачхьалкх
Мотт: Гуьржийн мотт
Корматалла: Прозаик а, т1еман репортер а
Жанр: романаш а, повесташ а, дийцараш а
Дебют: "Мне 16 лет" (1991 г), ("Сан 16 шо")
Биографи
бӀаьра нисйанБека Курхули вина 1974 шеран 6 октябрехь Тиблиси гӀалахь. 1991 шарахь цо чекхйаьккхина хьалхара экпериментальни ишкол Тиблисехь .1991-1996 шерашкахь Бекас дешна Шота Руставелин цӀарах йолчу Тиблисин Театральни институтехь драматически исбаьхьаллин факультетехь (Тамаза Чиладзе мастерскоййхь). Цуьнан дуьххь арлера дийцарш зорбане даьхна 1991 шарахь «Мамули» газета тӀехь (Даймохк). Цул тӀаьхьа цуьнан дийцарш зорбане девлира гуьржийн «Альтернатива», «Арили», «Дилис Газети», «Чвени Мцерлоба», «Цигнеби», газета «24 Саати», «Парнаси», «Литературули Палитра», «Литературули Газети», «Литература — Цхели Шоколади», «Апра» цӀераш йолчу литературни журналаш тӀехь а, газеташ тӀехь а.
1999—2004 шерашкахь Бекас тӀеман репортер болх бина Гуьржийн махкахь а, Кавказехь а. Иштта цо йора репортажаш Абхазера а, Къилбседа Осетера а, Цхинвалера а, ГӀалгӀичуьра а, Панкисера а.
2005 шарахь Бекас кандидатски диссертаци чехкйаьккхира «Походы и набеги в горах Восточного Кавказа» цӀе йолу.
2011 шарахь иза болх бан волавелла «Media House Dekom» зорбан арахоьцургца а, «Цхели Шоколади», «Либерали» журналашца а.
2013 шарахь Бека тӀеман репортер волуш Афганистане вахана.
Библиографи:
2004 — «Точка…Потерянные люди потерянной территории»
2005 — «Дом на чужбине»
2010 — «Встреча после того»
2011 — «История двух лун»
2012 — «Короткая ночь лета»
2013 — «Город в снегу» «Записки 1991г»
2014 — Страна открытых дверей"
2015 — «Побег из Рая»
2017 — "Скандара и другие рассказы
Литературин совгӀаташ:
2006 — «Дом на чужбине» — литературин совгӀат «Саба» номинацехь «шеран уггаре тоьлла прозаически гулар» — номинант
2013 — «Дерево вот-вот упадет» — литературин совгӀат «Саба» номинацехь «шеран уггаре тоьлла пьеса» — номинант
2014 — «Записки 1993—2011» — литературин совгӀат «Саба» номинацехь «шеран уггаре тоьлла документальни проза а, эссеистика а» — номинант
«Предыдущий день» — литературин совгӀат «Одного расссказа» Реваза Инанишвили цӀарах, 1-ра меттиг
2016 — «Побег из Рая» — литературин совгӀат «Саба» номинацехь «шеран уггаре тоьлла роман» — лауреат
2017 — «Нескончаемый дежавю у мольберта» — литературин совгӀат «Тиблиси» номинацехь «шеран уггаре тоьлла дийцар» — номинант
2018 — «Скандара и другие рассказы» — литературин совгӀат «Литера» номинацехь «шеран уггаре тоьлла прозаически гулар» — лауреат
Хьажоргаш:
Цо йазйина книгаш арахецна гуьржийн а, польшийн а, чехийн а, словакийн а, ингалзийн а, литовскийн а, туркойн а, украинийн а, суьлийн а, хӀирийн а, оьрсийн а матташкахь.
2018 шарахь Бека Курхули прозаически гулар «Город в снегу» гочйина Италхойн Издательство «Stilo editrice» (Бари. Итали)