Беллетти, Жулиано
Жулиа́но Ха́ус Белле́тти (порт. Juliano Haus Belletti; вина 1976 шеран 20 июнехь Каскавелехь, Парана штат, Бразили) — профессионалан бразилин футболист, аьтту турсло. Шен футболан карьерехь левзина иштта клубашкахь: «Барселона», «Челси», «Вильярреал», «Флуминенсе», «Крузейро», «Сан-Паулу», «Атлетико Минейро».
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе | Жулиано Хаус Беллетти | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1976 шеран 20 июнь (47 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Каскавел, Парана (штат) Бразили | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
Бразили Итали |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 174[1] см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 71 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | full-back, турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
1999 шеран Бразилин детин буьрка йаьккхина «Атлетико Минейро» йукъахь, иза ло журналан «Placar» арахецаралло. Бразилин гулйина командин йукъахь 2002 шеран дуьненан чемпион. «Барселонин» йукъахь 2005/06 шеран УЕФА Чемпионийн лигин толамхо.
Клубан карьера нисйе бӀаьра
Ловзаран карьерин йуьхьиг нисйе бӀаьра
Белетти левзина дуьххьарлера клуб хилира Бразилин «Крузейро», цунна йукъахь цуо ши шо даьккхира. Дебют хилира 1994 шеран ноябрехь, ткъа цул хьалхьа левзира клубан кегийрхойн командехь. ТӀаккха дехьавелира кхечу бразилин клубе — «Сан-Паулу», цунна йукъахь йалх шо даьккхира, 10 гол а туьйхира. 1999 шарахь аренде велира «Атлетико Минейро», левзира йуккъера ахтурслон позицехь. Оцу клубехь цуо йаьккхира Бразилин детин буьрка. «Вильярреалан» йукъавахча, цуьнга кхайкхира къоман гулйина команде а, 2002 шеран футболех ловзаран дуьненан чемпионате. «Вильярреалехь» иза ловза волавелира аьтту ахтурслочун меттигехь.
«Барселона» нисйе бӀаьра
2004 шеран аьхка дехьавелира каталонин клубе. Шо чекхдаллалц левзира шен ловза Ӏеминчу аьтту агӀора, циггахь иштта левзира шо дӀадаллалц кхин испанин турсло — Олегер, иштта турслойн йуккъе а гӀерташ.
2005/2006 шарахь алсама матчаш левзира аьтту йистера турслон меттигехь. 2006 шеран УЕФА Чемпионийн лигин финалехь лондонан «Арсеналан» дуьхьала (2:1), цуьнан голо Европин уггаре чӀогӀа командин титул йеира каталонхошна. Матчан йуьххьехь дуьхьалонан аьтту фланге хӀоттийра Олегер, ткъа Беллеттис иза хийцира шолгӀачу таймех. Иштта 4-3-3 off схема гӀоле хийтира финалан «Барселонин» тренерна Райкард Франкан.
ТӀаьххьарчу шен шарахь, 2006/2007, бразилхо хьалха санна дика ца лезира каталонхойн могӀаршкахь. Цуо къуьйсуш бара командин коьрта хӀоттаман аьтту агӀора турслочун меттиг Дзамбротта Джанлукица. Беллеттис дукха хьолехь хуьйцура Дзамбротта, аьхка сацам бира команда хийца.
«Челси» нисйе бӀаьра
Кхиамаш нисйе бӀаьра
Командин
- Лига Минейрон чемпион: 1996
- Йерриг: 1 хӀонс
- Лига Минейрон чемпион: 1999
- Йерриг: 1 хӀонс
- Лига Паулистин чемпион (2): 1998, 2000
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
- ↑ Juliano Belletti Profile, News & Stats | Premier League (инг.). www.premierleague.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 декабрь.