[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 25:
[[Файл:YosriKitabNabiYusuf.jpg|left|thumb|219x219px|Юсуп-пайхамаран дийцар]]
Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуф хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан.{ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш}.Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуф, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниIмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниIмат динера хьан дедена ИбрахӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниIмат дийр ду хьуна а, ниIмат дийр ду Якъубан охIлунна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур ю хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсуфан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна. Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуф а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена Юсуф а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна Юсуф а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! Юсуф жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀъелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежрий, цара аьлла: Ве и Юсуф, я цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Церах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла Юсуфана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба Юсуф вохуьйтуш ца хилла вежаршца. Юсуф шен вешица ловза а ловзуш Ӏаш хилла, гена а ца волуш, вежаршна иза хууш хилла, делахь а, вон дар тӀелаьцна цара. Цара аьлла: ХӀай тхан да! ХӀунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша Юсуф? Стенах кхоьру хьо? Иза тхан хьоме ваша ма ву, тхан жимах волу ваша ма ву, тхо цхьана ден вежарий ма ду. Вежарий даим цхьаьна ловзу, ткъа тхо хӀунда ца ловзу даха а дахана цхьаьне? «Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву». Якъуб воккха стаг хилла,Якъуб хьекъале а, кӀеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуф шена генавалар. Юсуфана цхьаъ хиларх чӀогӀа кхоьруш хилла иза.{Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гӀопул хилла а долуш}.Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча? Бакъо елла Якъуба Юсуфана.
 
== Хьуьнах ==
Хазахетта вежаршна чӀогӀа, Якъуба Юсуфана бакъо елча. Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуф кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу Юсуфах къинхетам ца бина цара.
Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуф кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу Юсуфах къинхетам ца бина цара, воккха стагах Якъубах а къинхетам ца бина цара. Юсуф жима кӀант хилла, цуьнан дог а жима дог хилла. Ткъа, гӀу кӀорга хилла, гӀу бодане хилла, Юсуф ша цхьаъ хилла. АллахӀа кхаъ баьккхина хилла Юсуфе, цо аьлла цуьнга: Са ма гатде, кхера а ма кхера. Бакъдолуш, АллахӀ хьоьца ву, хьан цхьа доккха гӀуллакх хир ду.
Вежарий богӀур бу хьуна тӀе, ахь дуьйцур ду цаьрга цара динарг.
Шаьш дийриг уьш дина боьлча, Юсуф цара гӀу чу кхоьссича, уьш гулбелла цхьане, цара аьлла: ХӀун олу вай вешан дега?
Царах цхьаболчара аьлла: Вай да ша иза барзо ваарх кхоьру бохуш вара, вай цуьнга эр ду: Бакъ луьйш хилла хьо хӀай тхан да, барзо виъна иза. ТӀетайна вежарий цунна, цара аьлла: Вай цуьнга эр ду: Барзо виъна иза. Цхьаболчу вежарша аьлла: Делахь а, хӀун билгало ю цуьнан? Цара аьлла: Цуьнан билгало цӀий хир ду. ТӀаккха вежарша ка схьа а эцна, цунна урс хьаькхна. Юсуфан коч схьа а эцна, цунна басар дина цара. Хазахетта вежаршна чӀогӀа, цара аьлла: ХӀинца тешар ву вайн да!
 
== Вежарий ==