[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж ГӀоролла дӀадаьстина «Пхьагал»
Umarbot (дийцар | къинхьегам)
ж clean up, replaced: Кадегар → Категори, Хlум: → Файл:, added underlinked tag using AWB
МогӀа 1:
{{Underlinked|date=июль 2013}}
[[Хlум:Sylvilagus_floridanus.jpg|справа|мини|250px|Пхьагал.]]
 
[[ХlумФайл:Sylvilagus_floridanusSylvilagus floridanus.jpg|справа|мини|250px|Пхьагал.]]
'''{{lang-noh|Пхьагал}}''' ({{lang-ru|Заяц}}) олу. Нагах {{lang-noh|лерга-Ӏахар}} олу Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогӀеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Ӏуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагӀчух кӀелхьара ца йокху. Цуьнан мостагӀий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагӀалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гӀиргӀанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жӀаьлешца тӀаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цӀока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кӀелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жӀаьлешца лорах тӀаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тӀехволуш Ӏадда юьжий Ӏуьллу. Варданца я машинашца дӀа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогӀий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
 
МогӀа 7 ⟶ 9 :
 
* Цхьана а экхана хьожа ца кхета кӀорнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла тӀе ца Ӏоттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, тӀехь чо болуш а хуьлу пхьагалан кӀорнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан кӀорнеш. КараӀеминчу пхьагало жӀалийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара хӀума а йоу, дижна Ӏуьллучу жӀаьлин коьрта тӀехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
 
 
== Хьажа. кхин ==
[[Вайн махкан акхарой]]
 
[[КадегарКатегори:Акхарой]]