Чаплин, Чарльз — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 81:
[[1921 шо|1921 шарахь]] «[[Олимпик]]» лайнер тӀехь Чаплин Европе вахара<ref>[http://www.thegreatoceanliners.com/olympic.html TGOL — Olympic]</ref>. Иза вогӀи хиъча Лондонехь а, Парижехь а дукха нах гулло. Лондоне иза веача дуьххара кхаа дийнахь цуьнга деара 73 эзар кехат. Берлинехь тӀом чекхбеллачул тӀехь цуьна фильмаш гойтуш яцара, цундела иза цхьанна а ца войзар. ШозлугӀа Чаплин веара Европе [[1931 шо|1931 шарахь]] цуьна керла «Йокху гӀалан серло» аьлла фильман премьера йолуш. КхозлугӀа иза веара Европе [[1936 шо|1936 шарахь]] шен «Керла зама» аьлла фильм гайта.
 
[[1922 шо]] кхаччалца Чаплине шен цӀа дацара — иза вехара гостиницашкахь, аренде лаьцна цӀеношкахь, клубашкахь. 1922 шарахь Чаплинс шена цӀено дира [[Беверли-Хиллс]] аьлла [[Калифорни|Калифорнехь]] йолу гӀаличохь. Оцу цӀеночохь 40 чоь яра, кинозал а, [[орган]] а.
 
Кино чохь аз дуьххьара [[1927 шо|1927 шарахь]] юкъаделира, амма кхиа итт шарахь Чаплинс аз доцу фильмаш йоккхура. Чаплинс дуьххьара аз долуш яккхина фильм яра [[1940 шо|1940 шарахь]] яккхина «Сийлахь-воккху диктатор». Иза яра тӀаьххьара фильм чохь Кхерстанча а волуш.