[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
clean up, replaced: ибн → бин (8) using AWB
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 17:
}}
 
'''Юсуп '''({{lang-ar|يوسف}}, ЮсуфЮсуп) — [[исламан пайхамарш|исламан пайхамар]] ву, [[Якъуб]] пайхамаран {{Ӏ.с.}} кӀант а ву. [[АллахӀ|АллахӀ-дала]] пайхамарех цхьаъ хаьржина хилла Юсуп. АллахӀа шен ах йолу хазалла Юсупан елла хилла. Цунна гӀан гинера ша сийлахь волуш, и бахьана долуш цуьнан вежарша иза гӀу чукхоьссина.
 
== Къуръан тӀехь ==
МогӀа 24:
== Биографи ==
[[Файл:YosriKitabNabiYusuf.jpg|left|thumb|219x219px|Юсуп-пайхамаран дийцар]]
Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. ЮсуфЮсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур ю хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ ЮсуфанЮсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.
 
Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупаца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена ЮсуфЮсуп а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена ЮсуфЮсуп а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна ЮсуфЮсуп а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! ЮсуфЮсуп жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀъелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежарий, цара аьлла: Ве и ЮсуфЮсуп, я цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Царах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла ЮсуфанаЮсупана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба ЮсуфЮсуп вохуьйтуш ца хилла вежаршца.
 
ЮсуфЮсуп шен вешица ловза а ловзуш Ӏаш хилла, гена а ца волуш, вежаршна иза хууш хилла, делахь а, вон дар тӀелаьцна цара. Цара аьлла: ХӀай тхан да! ХӀунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша ЮсуфЮсуп? Стенах кхоьру хьо? Иза тхан хьоме ваша ма ву, тхан жимах волу ваша ма ву, тхо цхьана ден вежарий ма ду. Вежарий даим цхьаьна ловзу, ткъа тхо хӀунда ца ловзу даха а дахана цхьане? «Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву». Якъуб воккха стаг хилла,Якъуб хьекъале а, кӀеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуп шена генавалар. ЮсуфанаЮсупана цхьаъ хиларх чӀогӀа кхоьруш хилла иза. Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гӀопул хилла а долуш. Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча? Бакъо елла Якъуба ЮсуфанаЮсупана.
 
== Хьуьнах ==
Хазахетта вежаршна чӀогӀа, Якъуба ЮсуфанаЮсупана бакъо елча. Уьш бахана хьуьнах, цара ЮсуфЮсуп кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу ЮсуфахЮсупах къинхетам ца бина цара.
Уьш бахана хьуьнах, цара ЮсуфЮсуп кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу ЮсуфахЮсупах къинхетам ца бина цара, воккха стагах Якъубах а къинхетам ца бина цара. ЮсуфЮсуп жима кӀант хилла, цуьнан дог а жима дог хилла. Ткъа, гӀу кӀорга хилла, гӀу бодане хилла, ЮсуфЮсуп ша цхьаъ хилла. АллахӀа кхаъ баьккхина хилла ЮсуфеЮсупе, цо аьлла цуьнга: Са ма гатде, кхера а ма кхера. Бакъдолуш, АллахӀ хьоьца ву, хьан цхьа доккха гӀуллакх хир ду.
Вежарий богӀур бу хьуна тӀе, ахь дуьйцур ду цаьрга цара динарг.
Шаьш дийриг уьш дина боьлча, ЮсуфЮсуп цара гӀу чу кхоьссича, уьш гулбелла цхьане, цара аьлла: ХӀун олу вай вешан дега?
Царах цхьаболчара аьлла: Вай да ша иза барзо ваарх кхоьру бохуш вара, вай цуьнга эр ду: Бакъ луьйш хилла хьо хӀай тхан да, барзо виъна иза. ТӀетайна вежарий цунна, цара аьлла: Вай цуьнга эр ду: Барзо виъна иза. Цхьаболчу вежарша аьлла: Делахь а, хӀун билгало ю цуьнан? Цара аьлла: Цуьнан билгало цӀий хир ду. ТӀаккха вежарша ка схьа а эцна, цунна урс хьаькхна. ЮсуфанЮсупан коч схьа а эцна, цунна басар дина цара. Хазахетта вежаршна чӀогӀа, цара аьлла: ХӀинца тешар ву вайн да!
 
== Якъубана хьалха ==
Уьш баьхкина шайн да волчу суьйранна, боьлхуш. Цара аьлла: ХӀай тхан да, къовсадала даханера тхо, ЮсуфЮсуп тхешан хӀумнаш уллохь витинера оха, тӀаккха барзо виира иза. Цара деара цуьнан куча тӀехь харц цӀий. Цара аьлла: ХӀара ду ЮсуфанЮсупан цӀий! Церан да Якъуб пайхамар хилла, иза воккха стаг хилла. Иза шен берелла дукха хьекъале хилла. Якъубана хууш хилла, барзо адам диъча цо иза лаза дой, цо цуьнан коч ятӀа йой. ЮсуфанЮсупан коч цӀена хилла, цӀий чу Ӏоьттина хилла, цундела хиъна Якъубана, иза харц цӀий дуй, барзах лаьцна долу дийцар а кхоьллина дийцар дуй. Цо аьлла шен кӀенташка: Муххале а, хӀара дийцар аш кхоьллина ду Хаза собар. Сингаттаме воьжна Якъуб ЮсуфЮсуп бахьанехь чӀогӀа, делахь а цо хаза собар дина.
 
== Юсуп гӀу чохь ==
Вежарий бухабирзира цӀа, цара витина ЮсуфЮсуп гӀу чохь, яахӀума йиъна вежарша, дӀабийшина уьш меттанаш тӀе. ЮсуфЮсуп гӀу чохь хилла, мотт а боцуш, даар а доцуш. Вежаршна вицвелла ЮсуфЮсуп, дӀабийшина уьш. ЮсуфЮсуп ца вижина дӀа, цхьа а виц а ца велла цунна. Якъуб Ӏийна ЮсуфЮсуп дагаоьхуш, ЮсуфЮсуп Ӏийна Якъуб дагаоьхуш. ЮсуфЮсуп гӀу чохь хилла, гӀу кӀорга хилла. ГӀу хьуьнхахь хилла, хьун юькъа хилла. Иза буьйсанна хилла, буьйса бодане хилла.
 
== ГӀу чура гӀалин чу ==
Цу хьуьнхахь новкъа йоьдуш цхьа тоба хилла. Новкъахь уьш хьагбелла, цара лехна гӀу. ГӀу гина царна, цу тӀе цхьа стаг вахийтина цара, шайна хи даийта. Стаг гӀу тӀе веъна, шен ведар схьаэцна цо. Ведар чухецна цо, тӀаккха ведар деза карийна цунна! Хьаладаьккхира цо иза, ведар чохь кӀант хилла! Цецваьлла и стаг, цо кхайкхина (кхечаьрга). Кхаъ бу шуна, хӀара кӀант ву. Нахана чӀогӀа хазахетта, цара иза дӀахьулвина. Мисаре дӀакхаьчча уьш, базара дӀа а хӀиттина, цара кхайкхина: Хьан оьцу хӀара кӀант? Хьан оьцу хӀара кӀант? Ӏазиза эцца Юсуп, кӀеззиг дирхӀамех. Махлелохоша воьхкина Юсуп, царна ца воьвзина ЮсуфЮсуп. Ӏазиз ([[Потифар]]) иза а эцна, шен гӀали чу вахна, цо аьлла шен зудчуьнга: Ларам бе Юсупан, бакъдолуш иза нийса кӀант ву.
 
== МуьтӀахьалла а, тешамалла а ==
Потифаран зуда [[Зулейха]] Юсупана тешнабехк марзбан гӀоьртина хилла. Делахь а, Юсуп доьхьал ваьлла, цо аьлла: ХӀан-хӀа! Ас тешнабехк бийр бац сайн элана, баккъалла а цо суна дика дина, сан лерам а бина. Бакъдолуш, со Делах кхоьру. ОьгӀаз яхана тӀаккха Потифаран зуда, цо арз дина шен майрачуьнга. Ӏазизана-м хиъна зуда харц луьш юй. Цунна хиъна ЮсуфЮсуп тешаме вуй. Цо аьлла шен зудчуьнга: Бакъдолуш, хьо гӀалат боьвллачерах хилла. Юсуп Мисарахь шен хазаллица вевзина хилла, иза цхьанна гича, олуш хилла: Дац хӀара адам, сийлахь малик бен дац иза.
 
ЧӀагӀделла зудчуьнан оьгӀаз яхар, цо аьлла Юсупе:
МогӀа 60:
 
== Дика тӀаьхьало ==
Оцу доккхачу паччахьалло ЮсуфЮсуп Делах дӀа ца хьовзийна, йа иза хийца а ца хийцина цо. ЮсуфаЮсупа АллахI хьехош хилла, Цунна Ӏибадат деш хилла, Цуьнах кхоьруш хилла иза. ЮсуфаЮсупа Делан хьукманца кхел еш хилла, Делан омрунаш чекхдохуш хилла. ЮсуфанаЮсупана паччахьалла доккха хеташ ца хилла, иза доккха хӀума лоруш ца хилла цо. ЮсуфанаЮсупана дезаш ца хилла паччахь санна валар а, паччахьашца ша (къемат дийнахь) вовшахтохар а. Муххале, ЮсуфанаЮсупана дезаш хилла (Делан) лай санна валар а, дикчу нахаца ша вовшахтохар а.
 
ЮсуфанЮсупан доӀа иштта хилла:
 
— Сан Дела!, суна паччахьалла делла Ахь, къамелан тидар а делла Ахь; хӀай, стигланаш а, латта а кхоьллина верг, Хьо ву сан доладархо дуьненахь а, эхартахь а, бусалба волуш валийта ахь со, дикчу нахах дӀа а тоха ахь со.