Прокариоташ — Версийн башхалла

[талланза верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
хьост
МогӀа 1:
'''Прокарио́таш''' (лат. Procaryota, схьаделла шира-грек. πρό «хьалхара» и κάρυον «тӀум»), йа тӀуьмал хьалхара — цхьа клетка йолу са долу хӀуманаш ю, кхиана яьлла клеткин тӀум а йоцуш (эукариотех къастам бу иза), йа юкъахь мембранни органоидаш а йоцуш (фотосинтез йечу кепий чӀапа цистернаш дӀаяьхчхьана, масала, цианобактерийн). Прокариотийн клеткийн тӀуьман чкъор ца хуьлу, ДНК къевлина ю гистонаш дакъа а ца лоцуш. Осмотрофни а, автотрофни а тайпана даар ду церан (фотосинтез а, хемосинтез а). Цхьаъ бен йоцу хӀозкепара (наггахь йолчу кепин — линейни) ши зӀе йолу ДНК молекулан юкъахь дукхаха долу дакъа клеткин генетически гӀирсо (нуклиоид олуш йолу) белок-гистонийн комплекс (хроматин олу) ца йо. Прокариотаашна юкъа йогӀу бактереш, царна юкъахь цианобактереш (сина-баьццара хинбецаш) а, архейш а. Прокариотически клеткийн тӀехье ю эукариотически клеткийн органеллаш — митохондреш а, пластидаш а.
 
Прокариоташ домен (тӀехулара бахам) дарже кхаьччи шина таксонна йекъало: Бактереш (Bacteria) а, Архейш а (Archaea)[1]<ref>{{статья|автор = Woese C.R., Kandler O., Wheelis M.L.
|заглавие = Towards a Natural System of Organisms: Proposal for the Domains Archaea, Bacteria, and Eucarya
|ссылка = http://www.pnas.org/cgi/content/abstract/87/12/4576
|издание = Proc. Natl. Acad. Sci. USA|год = 1990|том = 87
|страницы = 4576—4579
}}</ref>.
 
1959 шарахь Японехь гайтина бактереш Ӏаморо дӀайиллина йолу пурхнехьа генаш дехьайовлар. И процесс чӀогӀа йаьржина ю прокариоташ юкъахь, кхин цхьайолу эукариоташ юкъахь а. ДӀайиллина йолу пурхнехьа генаш дехьайовларо кхечу агӀора дахаран эволюцега хьовсийтана Ӏилманчаш. Хьалха эволюцийн теори тайп-тайпана кепаша тӀехьенан хаам ца хуьйца бохучу бух тӀехь латтара. Прокариоташ шайн генаш цханнен гӀо а доцуш вовшешца хийца йиш ю (конъюгаци, трансформаци), кхин тӀе вирусийн гӀоьнца хийца йиш ю — бактериофагашца (трансдукци).
== Билгалдахарш ==
 
{{Билгалдахарш}}
{{кечдар}}
[[Категори:Биологи]]