Вайнах (ансамбль) — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 39:
Кхоьчу пачхьалкхан тоьлла корматаллин тобанашца ансамбльс дакъа лоцура дукха Ерригсоюзан а, Ерригроссийна а фестивалашкахь. Иза баккхи кхиамашца гастролешка лелара еррига Советски Союзехула. Иштта иза кхоьчу пачхьалкхаша йодура: [[Аргентина]], [[Мексика]], [[Перу]], [[Сан-Сальвадор]], [[Коста-Рика]], [[Панама]], [[Португали]], [[Германи]], [[Кени]], [[Мозамбик]], [[Сири]], [[Иордани]], [[Турци]], и. к. д. Цуьна концерташ даимма а боккху кхиамца чекхйолура.
 
Ансамблин деллаелла «Лакхара даржан седа» цӀе йолу орден — [[Иордани]]н лакхара совгӀат.
 
[[1996]]—[[1999]] шерашкахь, шайна алап ца лушшехь, белхалош Ӏалаш йира ансамблин кхолларалин нуьцкъалла, цуьна гӀаръялар сов яккхира. Ансамбльс толам баьккхира Турцехь а («[[Бурса]]-98»), [[Итали|Италехь]] а («[[Агридженто]]-99») хилла халкъашан юккъера фестивалешкахь. [[1999]] шаран сентябрехь ансамбльс шен болх сацийра тӀом цекхбаллалц.
МогӀа 45:
[[2001 шо]] долалуш ансамбль шен керла исбаьхьаллин куьйгалхоца [[Музакаев, Дикалу Абузедович|Дикалу Музакаев]] йолаелира шен концертан программа меттахӀоттая. [[2001]] шаран [[18 май]]хь [[Краснодар]]ехь боккху кхиамца чекхъелира хьалхара концерт.
 
[[2002]] шарахь ансамбльс дакъа лецира [[Франци|Францехь]] хилла 8 халкъашна юккъера [[фольклор]]ан фестивалехь. Царех кхаа фестивалехь цо [[Гран-при]] яккхира. [[2003]] шарахь цо Гран-при а, хьовсархойн безаман совгӀаташ деккхира Испанехь а, Италехь а хилла халкъан юккъера фестивалашкахь. [[2007]] шарахь цо Гран-при яккхира Францехь хилла фестивалехь а, [[Ярославль|Ярославлехь]] хилла «Ярославлин сакъерар» цӀе йолу фестивалехь а, толам беккхира Испанехь а, Иорданехь а, Сирехь а хилла йолу фестивалешкахь.
 
Ансамбльс дакъа лоцу республикан а, регионан а, ерригроссийн а чулацам болу массо а лараме гӀуллакхахь. Ансамбль юхаметтахӀоттаяран гӀуллакхехь дакъа лацаран сийлахь цӀераш техкина тобанан шийтта белхалон. [[2004]] шарахь ансамбль куьйгалхон Дикалу Музакаеван Российн Федерацин Халкъан артист цӀе елира.