Мухьаммад — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
'''Мухьаммад''' ({{lang-ar|محمد}} / [[22 апрель]] [[570 шо|571]] — [[8 июнь]] [[632 шо|632]]) — [[Исламан пайхамарш|исламан пайхамар]] а, [[Ӏаьрбий]]н хьехамча а, [[АллахӀ|АллахӀ-дала]] тӀаьххьара ваийтина [[пайхамар]] а, [[элча]] а ву. Мухьаммад {{с.Ӏ.в.}} вина Ӏаьрбийн махкахь — [[Макка]]хь, дӀавоьллина ву [[Мадинат]]ехь. [[Къурайш]]ин тайпанах вар иза. АллахӀ-дала бусалба дин Ӏамаде а, даржаде а аьлла, нахана тӀе воссийна хилла иза. [[Ислам]]ан хьехарехь ма-бохху, АллахӀ доссийна цуьнга шен деза жайна — [[Къуръан]]. АллахӀ-дала иза дуьненчу ваийтина хилла, цхьа бӀе ткъе виъ эзар [[Исламан пайхамарш|пайхамарш]] чӀагӀбеш, АллахӀ-дала хӀоттийна мухӀар ву шен элча — Мухьаммад {{С.Ӏ.в.}}. Иштта Мухьаммад политикин гӀуллакххо а, [[Ислам|бусалбанийн]] юкъараллин куьйгалхо а ([[уммат]]) хилла. [[ИбраьхӀим]] пайхамаран {{Ӏ.с.}} кӀентан [[ИсмаьӀил]]ан тӀаьхьенах ву Мухьаммад а, цуьнан [[Къурайш|къам]] а. Мухьаммадал хьалха дӀавахана [[пайхамар]] а, [[элча]] а хилла [[Марьям бинт Ӏимран|Мареман]] кӀант [[Ӏиса бин Марьям|Ӏиса]] пайхамар {{Ӏ.с.}}.
 
Мухьаммада {{с.Ӏ.в.}} аьлла: «Бакъдолуш, со Мухьаммад ву; со Ахьмад а ву; со ДӀадойъург а ву, АллахӀа соьца керстаналла дӀадойъуш ду; со Гулдийриг а ву, адамаш гулдеш волу; со ТӀаьххьарниг а ву, сайл тӀаьхьа кхин пайхамар воцуш волу». ХӀара хьадис нийса ду, Бухарис а, Муслима а дийцина а ду. Къайсан кӀанта Абу Муса ӀабдуллахӀа дийцина: «Делан Элчано {{с.Ӏ.в.}} тхуна шен цӀерш ехира, царех цхьаерш тхуна дагахь а лаьттира. Цо элира: «Со„Со Мухьаммад ву, со Ахьмад ву, со ТӀаьхьа вогӀург ву, Тоба даран пайхамар а ву, Къинхетаман пайхамар»пайхамар“ а ву. Иштта хӀокху дешнашца дийцина а ду иза: «ТӀеман„ТӀеман пайхамар а ву»ву“. ХӀара хьадис нийса ду, Муслима дийцина ду иза.
 
Мухьаммад {{с.Ӏ.в.}} бобер долуш кхиъна. Цуьнан дедас [[Ӏабдул-МуттӀелип|Ӏабдул-МуттӀелипа]] доладеш хилла цуьнан, цул тӀаьхьа цуьнан девешо Ӏабдул-МуттӀелипан кӀанта [[Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип|Абу ТӀелипа]] дола деш хилла цуьнан. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахӀа цӀанвина (ларвина) иза цӀунашна Ӏибадат даран воллех а, массо сакхтах а. Дерриге хаза гӀиллакхаш а, амалш а елла Цо цунна. Шен нахана юкъахь «Тешаме верг» аьлла бен вевзаш а ца хилла, цуьнан тешамалла а, цуьнан бакълер а, цуьнан цӀеналла а царна гина хилла дела. Шен шийтта шо кхаьччи, шен девешица Абу ТӀелипца [[Шема]] вахана иза. [[Бурса (гӀала)|Бусра]] цӀе йолчу метте кхаччалц дӀавахана иза цуьнца, цигахь [[Бахьира]] цӀе йолу мозгӀарна гина иза, тӀаккха цуьнан куьцаца вевзина цунна иза (пайхамар хир ву иза аьлла). Цунна тӀе а веана, цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла цо: «ХӀара Ӏаламийн эла ву! ХӀара Ӏаламийн Делан элча ву! АллахӀа Ӏаламашна къинхетам бина воуьйтур волуш ву хӀара!». «Хьуна мичара, муха хаьа иза?» аьлла шега хаьттича, аьлла хилла цо: «ХӀокху гӀалий чу йогӀучу меттехула шу схьадогӀуш долуш, цхьаъа дитт а, тӀулг а ца дисира сужде (гор) охьа ца дужуш. Ткъа цара сужд ца до пайхамар воцчунна. Тхуна тхайн жайнашкахь вуьйцуш карош ву иза». ТӀаккха цо Абу ТӀелипе дехар а дина, жуьгтех цунна кхерам болу дела Макка юхавигина цо иза. Цул тӀаьхьа шолгӀа а вахана иза Шема, Хадижатан гӀуллакх лелош волчу Майсараца, Хадижат ша ялале хьалха, цуьнан йохка-эцар эцна. Бусра гӀалин базара а кхаьчна, цигахь шен йохка-эцар чекхдаьккхина цо. ТӀаккха, шен ткъе пхиъ шо кхаьчча, Хадижат ялийна цо, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.
 
{{Басмалат}}
МогӀа 119 ⟶ 121 :
[[Файл:Muhammadseal2.jpg|left|thumb|Мухьаммадан пайхамараллин мухӀар, цу тӀехь яздинарг ду „محمد رسول الله“ (Мухьаммад расулуллахӀ — Делан элча Мухьаммад).|237x237px]]Мухьаммад жимчохь дуьйна а билгала хилла. Шен ворхӀ бутт кхаьчча иза кога вахана. БархӀалгӀачу баттахь къамелах кхеташ, мотт бийца хаьара цунна. ДоьалгӀа шо цуьнан долуш Мухьаммадца вакхош хиллачу Масрудаца иза ловзуш, ши Малик доьссина. Шиннах цхьаъ [[Джабраил]] хилла. Цо Мухьаммад охьа а виллина, цуьнан накха а батӀийна, кийрара дог схьаэцна, цӀандина, Делан динах тешарх дузуш юха кийра а диллина, белшаш юккъе мухӀар таӀийна иза билгала воккхуш хӀетахь дуьйна цуьнан юьхь тӀе доьссина нур хилла. Хьалимат а, цунан майра Зайд а, хилларг хиъча, сагатдан даьлла. Хьалимата волчу нене кӀант дӀавала сацам бина. Иштта Амината шен кӀант кхиош ши шо а даьлла. Цкъа Мадинате гергарнаш болчу яхана юха йогӀуш Аминатан новкъахь кхалхар хилира.
 
Да-нана доцуш висина кӀант, шен ден а, ненан а цхьаъ бен ца хиллачу ялхочуьнца, Баракатца висина. Цу хенахь ханна воккха хиларна гӀелвелла воьллачу ден дас Ӏабдул МуттӀелипа, шен воккхах волу кӀант [[Абу ТӀалибТӀелип бин Ӏабдул МуттӀелип|Абу ТӀелип]] шен тӀе а ваийтина, Мухьаммад къаьсттина Ӏуьналла а, дола а дар тӀедиллина. Догдика стаг хилла Абу ТӀелип. Шен вешин кӀант къевлина мара а воьллина, цо дӀаэцна шега. ХӀетахь дуьйна дикачу ден метта хилла иза ӀабдуллахӀин кӀантана.
 
АллахӀан элчан Мухьаммадан {{с.Ӏ.в.}} да ӀабдуллахӀ, Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант, Элчанан ткъе барх бутт кхаьчначу хенахь велла хилла. Цхьаболчара, цуьнан да иза ворхӀ бутт кхаьчча а волуш велла хилла аьлла. Вукхара, цуьнан да иза ненан кийрахь а волуш, На́бигӀатан цӀахь велла хилла аьлла. Маккина а, Мадинатна а юкъахь йолчу аль-Абва́ъ олучу меттехь велла хилла аьлла а ду иза. Абу ӀабдуллахӀ Зубайр бин Баккар аз-Зубайрийс аьлла: „Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант ӀабдуллахӀ велла АллахӀан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Мадинатехь а волуш, цуьнан ши бутт кхаьчначу хенахь“.