Мухьаммад — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
'''Мухьаммад''' ({{lang-ar|محمد}} / [[22 апрель]] [[570 шо|571]] — [[8 июнь]] [[632 шо|632]]) — [[Исламан пайхамарш|исламан пайхамар]] а, [[Ӏаьрбий]]н хьехамча а, [[АллахӀ|АллахӀ-дала]] тӀаьххьара ваийтина [[пайхамар]] а, [[элча]] а ву. Мухьаммад {{с.Ӏ.в.}} вина Ӏаьрбийн махкахь — [[Макка]]хь, дӀавоьллина ву [[Мадинат]]ехь. [[Къурайш]]ин тайпанах вар иза. АллахӀ-дала бусалба дин Ӏамаде а, даржаде а аьлла, нахана тӀе воссийна хилла иза. [[Ислам]]ан хьехарехь ма-бохху, АллахӀ доссийна цуьнга шен деза жайна — [[Къуръан]]. АллахӀ-дала иза дуьненчу ваийтина хилла, цхьа бӀе ткъе виъ эзар [[Исламан пайхамарш|пайхамарш]] чӀагӀбеш, АллахӀ-дала хӀоттийна мухӀар ву шен элча — Мухьаммад {{С.Ӏ.в.}}. Иштта Мухьаммад политикин гӀуллакххо а, [[Ислам|бусалбанийн]] юкъараллин куьйгалхо а ([[уммат]]) хилла. [[ИбраьхӀим]] пайхамаран {{Ӏ.с.}} кӀентан [[ИсмаьӀил]]ан тӀаьхьенах ву Мухьаммад а, цуьнан [[Къурайш|къам]] а. Мухьаммадал хьалха дӀавахана [[пайхамар]] а, [[элча]] а хилла [[Марьям бинт Ӏимран|Мареман]] кӀант [[Ӏиса бин Марьям|Ӏиса]] пайхамар {{Ӏ.с.}}.
 
Мухьаммада {{с.Ӏ.в.}} аьлла: «Бакъдолуш, со Мухьаммад ву; со Ахьмад а ву; со ДӀадойъург а ву, АллахӀа соьца керстаналла дӀадойъуш ду; со Гулдийриг а ву, адамаш гулдеш волу; со ТӀаьххьарниг а ву, сайл тӀаьхьа кхин пайхамар воцуш волу». ХӀара хьадис нийса ду, Бухарис а, Муслима а дийцина а ду. Къайсан кӀанта Абу Муса ӀабдуллахӀа дийцина: «Делан Элчано {{с.Ӏ.в.}} тхуна шен цӀерш ехира, царех цхьаерш тхуна дагахь а лаьттира. Цо элира: „Со«Со Мухьаммад ву, со Ахьмад ву, со ТӀаьхьа вогӀург ву, Тоба даран пайхамар а ву, Къинхетаман пайхамар“пайхамар» а ву. Иштта хӀокху дешнашца дийцина а ду иза: „ТӀеман«ТӀеман пайхамар а ву“ву». ХӀара хьадис нийса ду, Муслима дийцина ду иза.
 
Мухьаммад {{с.Ӏ.в.}} бобер долуш кхиъна. Цуьнан дедас [[Ӏабдул-МуттӀелип|Ӏабдул-МуттӀелипа]] доладеш хилла цуьнан, цул тӀаьхьа цуьнан девешо Ӏабдул-МуттӀелипан кӀанта [[Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип|Абу ТӀелипа]] дола деш хилла цуьнан. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахӀа цӀанвина (ларвина) иза цӀунашна Ӏибадат даран воллех а, массо сакхтах а. Дерриге хаза гӀиллакхаш а, амалш а елла Цо цунна. Шен нахана юкъахь «Тешаме верг» аьлла бен вевзаш а ца хилла, цуьнан тешамалла а, цуьнан бакълер а, цуьнан цӀеналла а царна гина хилла дела. Шен шийтта шо кхаьччи, шен девешица Абу ТӀелипца [[Шема]] вахана иза. [[Бурса (гӀала)|Бусра]] цӀе йолчу метте кхаччалц дӀавахана иза цуьнца, цигахь [[Бахьира]] цӀе йолу мозгӀарна гина иза, тӀаккха цуьнан куьцаца вевзина цунна иза (пайхамар хир ву иза аьлла). Цунна тӀе а веана, цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла цо: «ХӀара Ӏаламийн эла ву! ХӀара Ӏаламийн Делан элча ву! АллахӀа Ӏаламашна къинхетам бина воуьйтур волуш ву хӀара!». «Хьуна мичара, муха хаьа иза?» аьлла шега хаьттича, аьлла хилла цо: «ХӀокху гӀалий чу йогӀучу меттехула шу схьадогӀуш долуш, цхьаъа дитт а, тӀулг а ца дисира сужде (гор) охьа ца дужуш. Ткъа цара сужд ца до пайхамар воцчунна. Тхуна тхайн жайнашкахь вуьйцуш карош ву иза». ТӀаккха цо Абу ТӀелипе дехар а дина, жуьгтех цунна кхерам болу дела Макка юхавигина цо иза. Цул тӀаьхьа шолгӀа а вахана иза Шема, Хадижатан гӀуллакх лелош волчу Майсараца, Хадижат ша ялале хьалха, цуьнан йохка-эцар эцна. Бусра гӀалин базара а кхаьчна, цигахь шен йохка-эцар чекхдаьккхина цо. ТӀаккха, шен ткъе пхиъ шо кхаьчча, Хадижат ялийна цо, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.