Цийн Халкъан Республика — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 965:
2001 шеран декабрехь [[Цийн юкъараллийн 1илмин Академи]]с зорбатоьхна охьадиллина таханлера Цийн социальни чкъор талларан доклад. Церан барам иттанга кхочу. И чкъор ду, [[чиновник|пачхьалкхан а, юкъараллин а куьйгалхой]], менеджераш, предпринимателаш, леррина а, техникан а персонал, канцелярин белхалой, шайна болхбе промышленникаш а, йохк-эцархой а, йохк-эцаран гӀоьнна персонал, промышленни белхалой, юьрта-бахаман къинхьегамхой, ткъа иштта цхьа а билгалбаьлла болхбоцурш, болхбоцурш, буьззана болхбоцурш. Цийн социальни чкъоьрийн дифферинциаци (декъадалар) тӀехь-тӀехьа алсамдолуш ду корматаллашца, оцуо наггахь социальни лелхаршка кхачабо<ref>[http://lenta.ru/news/2009/07/26/clash/ «В Китае 30 тысяч сталеваров устроили драку с полицией»], lenta.ru от 26.07.2009: «Погибший (главный управляющий компании Jianlong Steel Holding Company) ежемесячно получал три миллиона юаней (около 438 тысяч долларов), в то время как пенсия среднего работника Tonghua Iron and Steel Group не превышает 200 юаней в месяц.»</ref>.
[[Файл:People of Tibet46.jpg|thumb|Тибет]]
 
 
=== Мотт а, йоза а ===
 
Ханьцы къоман бу шайн хабарца а, йозанца а болу [[цийн мотт|цийн мотт]], иза лелабо пачхьалкхехь а, арахьа а. Цийн маттахь къамел до 1 миллиард сов стага.
 
Цийра 55 кегийчу къаьмнех дукхаха долчера шайн меттанаш ду. Пачхьалкх мукъаяккхале, дукха хьолехь Цийн мотт буьйцу [[Хуэйцзу|хуэй]] (дунганаш), маньчжураш и шэ къаьмнаш доцуш, шайн къоман маттахь къамел а дора, яз а дора монголаш, тибетцаш, уйгураш, корецаш, кхазакхаш, сибош, тайш, узбекаш, кирг1изаш, г1езалоша, оьрсаша. Шайн йоза дара [[Наси (къам)|наси]], мяо, цзинпо, лису, ва, лазу, амма иза шуйра лелош дацара. Йисина 34 этнически тоба къоман йоза ца хилла.
 
ЦХР кхоьллинчул т1аьхьа правительствон программица кхоьллина, нисбина йозан меттанаш 10 этнически тобана, уьш ю чжуан, буи, мяо, дун, хани, ли, кхин а, тодина йоза уйгури, кхазакхи, цзинпо, лаху, тай. Лингвистин классификацийца, 29 мотт цийн-тибетийн, 17 — алтайн, 3 — къилбаазин, 2 — х1индоевропин доьзалера бу. Тайванехь баьржина болу гаошань мотт индонезин доьзалера бу. Цхьа мотт мичара бу х1инца а хууш дац.
 
Цийн '''йоза''' [[иероглиф]]ех ду, схьадог1у Шан династин (16—11 б1аьшо вайн эрал хьалха) дехкина х1уманийн суьрташ (дешнаш хийцина йолу символаш, лелайора хин дерг хаархьама) долу палтосу даь1ахкашкара. Йозан г1ирс хийцабеллехь а, цийн иероглифаш ширачу заманахь хийцамаза дисина. Газет деша 3000 сов иероглиф хаадеза, ткъа дешана стегана 5000 сов иероглиф йовзаеза. 1913 ш. дуьйна Цийн 1едалан къамелан мотт бу [[путунхуа]] (мандарин) диалект, кхин а лаххара а 7 регионийн [[цийн мотт|цийн меттан]] диалекташ ю, къамел юкъахь яккхийра башхаллаш йолуш, цундера къамелехь Цийн маь1-маь1нера бахархой ца кхета дуьйцучух. Уьш вовшахтуху иероглифийн системан йозано.
 
 
== Суьрташ ==