Айдамиров, Абузар Абдулхакимович — Версийн башхалла

[теллина верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
}}
 
'''Айдамиров, Абузар Абдулхакимович''' вина [[1933 шо|1933 шарахь]] Нажи-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. [[1957 шо|1957 шарахь]] Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо [[1963 шо|1963 шарахь]] шарахь.
 
Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира [[1956 шо|1956 шарахь]] «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.