Пхьагал — Версийн башхалла

40 байт дӀайаьккхина ,  5 шо хьалха
ж
Нет описания правки
 
* Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга гӀерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, кӀезиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн гӀад дожу цара.
 
* Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. ХӀора моссазза ехка пхиъ я ялх, я ворхӀ кӀорни йо цо. Нанас кӀезиг терго йо кӀорнийн. Уггар атталла бен а, я буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра кӀорнеш вовшех а хьаьрчий Ӏохкуш карайо. КӀезиг тосало царна юххехь нан. КӀорнеш якха а йой царна юххера дӀайоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало кӀорнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен кӀорнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела кӀорнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу кӀорнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, дӀатосу нанас шен кӀорнеш.
 
* Цхьана а экхана хьожа ца кхета кӀорнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла тӀе ца Ӏоттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, тӀехь чо болуш а хуьлу пхьагалан кӀорнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан кӀорнеш. КараӀеминчу пхьагало жӀалийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара хӀума а йоу, дижна Ӏуьллучу жӀаьлин коьрта тӀехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
 
== Хьажа. кхин ==
 
[[Вайн махкан акхарой]]
{{zoology-stub}}
[[Категори:Акхарой]]
 
 
{{zoology-stub}}
Автоталлархой, Боташ, ДӀасхьажорг цайуьтуш цӀе хийцархой
3 033 729

нисдарш