Цхьогал — Версийн башхалла

43 байт дӀаяьккхина ,  3 шо хьалха
ж
ж (→‎Хьажоргаш: clean up using AWB)
 
 
* Иштта Генарчу Къилбаседера, Къилбе дозанашка кхаччалц болчу вайн махкахь а ду цхьогалаш. Уьш хуьлу ламанашкахь а, генарцу цанашлахь а, хин тогӀешкахь а, гӀамаран аренашкахь а. Ӏаьмнаш дочу метте а кхочу уьш хин олхазаршна тебаш.
 
* Цхьогал массо а адамашна девзаш экха ду. Иза туьйранашкахь а дуьйцу. Цунах лаьцна кицанаш ду, баснеш ю. Дийцашкахь а, туьйранашкахь а цхьогал хӀиллане, хьекъале гойту.
 
* Таллархоша гобина кӀелхьарадала аьтту боцуш дисна цхьогал. Цхьана агӀор екъчу бацах летта йогуш цӀе хилла. Вукху агӀор догӀуш хи хилла. Кхин даха меттиг боцуш дисчи, хи чу иккхина цхьогал. Цигга дуьхьал хьаьлхина таллархойн жӀаьлеш. Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш, цӀарах чекх иккхина. ЦӀарах чекх а иккхина, ткъех метар дехьа даьлчи таллархошкахьа юха а хьаьжна, дега а делла, дедда дӀадахна цхьогал.
 
 
* Адамашна герга гӀорта а даьхьа цхьогал. Шен ка яьллачхула нехан буьн чуьра котам а хьо цо. Ӏаьнан заманчохь, мацделчи, эвла йисте дӀакхиссинчу кхеллешна юккъехула хьийза иза шена яа хӀума лоьхуш. Цхьогало дехкий а, лаьхьарчий а, моьлкъарчий а, цӀазарчий а, олхазарийн кӀорнеш а, церан тойнеш а, лаьттахь тойна даккха хиъна олхазарш а доу. Наггахь цуьнан аьтту хуьлу къорза-къиг, кхин долу олхазар лаца а. Къорза къийгаш цкъа лаьтта ховшуш, тӀаккха диттан гаьн тӀе ховшуш кхерстачу хенахь текхаш, тебаш царна гун долу герга а доьдий, делла муттуьйтуш, когаш дӀа а хоьций, охьадуьжу цхьогал. Къийгаш цунна го туьйсуш герга гӀурту. БӀаьргаш мала коьртехьа йолу къиг. Циггахькаде катуху цхьогало. ХӀурдан йистошкахула тулгӀеша юьстахтесна чӀеран кӀорнеш а йоу цхьогало, хьаьъначу хи чуьра чӀара а лоцу. Цо юуш мел йолу хӀума билгалъяьккхичи, цо ца юуш хӀума ян а юй техьа олий хета. Хасстоьмаш, стоьмаш боу цо.
 
* Цхьогалан дахка ловзош сакъерало. Дехкан Ӏуьрга тӀе лерг а дуьллий, ладугӀу цо. ТӀаккха и меттиг охку. Дахка гучубаьлчи, когаца ирах а кхуьссуш ловзабо, хьалакхоьссанчуьра охьабоггӀушехь дӀакхоллу. И ловзар сахьташкахь дахло цуьнан. Цхьогал цхьана меттехь мотт лоций деха. Яйчу йортахь го туьсу цо ижонна. Лаьттах чу охкий, кечбо цхьогало шен бен. КӀорнешна кӀеда мотт буьллу. Цу чуьра къайлах хьаладала генна дйа шиъ-кхоъ Ӏуьрг доккху цхьогало. Бена чохь кӀур бина и бен ларо таллархо хӀоьттичи, къайлах даьккхинчу Ӏуьргехула арадолий, дӀадоьду цхьогал.
 
* КӀорнеш дуккху а хуьлу цхьогалан, иттанге кхаччалц. ХӀума дукха йоу цара, сиха кхиа а кхуьу. Церан нанна хала хуьлу уьш кхаба. Царна напгӀа латто гӀерташ, садоӀу хан хила а ца хуьлу нанна. Цхьа йоккхо ижо кеа еъчи иза кӀорнешна хьалха а юьллий, маьлхе а долий охьадуьжу цхьогал. КӀорнеш кхаба гӀерташ ницкъ хуьлий азло иза.
 
* Цхьана тамашийначу озаца йоьху цхьогало шен кӀорнеш шена тӀе. Доьхьала жоп луш изза до кӀорнеша а. КӀорнеш, ловзачу хенахь нанас ларйо. Жимма а кхерам болуш шеко кхоллаелчи нанас хаам а бой, Ӏуьрга чу ловчкъа уьш.
 
 
== Хьажа. кхин ==
[[Вайн махкан акхарой]]
 
== Хьажоргаш ==
 
{{zoology-stub}}
[[Категори:Акхарой]]
 
 
{{zoology-stub}}
Автоталлархой, Боташ, ДӀасхьажорг цаюьтуш цӀе хийцархой
1 390 221

нисдар