Коьртан хье — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 19:
 
Уггар а боккха коьртан хье бу [[декхарш|декхачеран]] тайпанара [[киткепарчеран]], [[ц1омкепарчеран]], [[примат]]ийн [[тоба (биологи)|тобанерачу]]. Уггар хала а, функцийолуш а хье лору хьекъале адамниг.
 
 
== Хьен хьаса ==
Коьртан хье туьтан чохь боллу (лахара организмаш йоцучеран). Цул сов, иза къевлина бу [[Хьен чкъор|чкъоьро]] ({{lang-la|meninges}}), [[Хьен ч1ог1а чкъор|чӀогӀа]] ({{lang-la|dura mater}}) а, [[Хьен к1еда хьаса|кӀеда]] ({{lang-la|pia mater}})а хьасанца вовшехтесна — царна юкъахь ду пхенан я [[Хьен машан чкъор|машан]] ({{lang-la|arachnoidea}}) чкъор. Чкъоьрашна юкъахь а, коьртан хьен, букъан тӀуман а тӀехула лаьтта церебробукъан (букъатӀуман а олу) тӀуналла — ликвор ({{lang-la|liquor}}). [[Букъат1уман т1уналла|Церебробукъан тӀуналла]] кхин а ю [[коьртан хьен ога]]ца. Совъяьллачу оцу тӀуналлех [[гидроцефали]] олу. Гидроцефали хуьлу дуьнен тӀе волуш дуьйна а (дукхах дерг), схьаэцна а.
 
Лакхарчу букъадаьӀахкйолчу организмийн коьртан хье лаьтта цхьа могӀа структурех: хьен ах агӀонийн чкъоьрах, базан ганглих, таламусах, кӀасархьех, хьен гӀадах. И структураш вовшехтесна ю нервийн хьесашца (чекхдоху некъаш). Клеткех лаьтташ долу хьен декъах сира хӀума олу, нервийн хьесех лаьттачух — кӀайн хӀума олу. КӀай бос — иза хьесий къовлучу [[миелин]]ан бос бу. Хьесийн [[демиелинизаци]]но чӀогӀа талхабо коьртан хье ([[яьржина склероз]]).