Коьртан хье — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
 
Лакхарчу букъадаьӀахкйолчу организмийн коьртан хье лаьтта цхьа могӀа структурех: хьен ах агӀонийн чкъоьрах, базан ганглих, таламусах, кӀасархьех, хьен гӀадах. И структураш вовшехтесна ю нервийн хьесашца (чекхдоху некъаш). Клеткех лаьтташ долу хьен декъах сира хӀума олу, нервийн хьесех лаьттачух — кӀайн хӀума олу. КӀай бос — иза хьесий къовлучу [[миелин]]ан бос бу. Хьесийн [[демиелинизаци]]но чӀогӀа талхабо коьртан хье ([[яьржина склероз]]).
 
 
== Хьен клеткаш ==
Хьен клеткаш юкъайогӀу ладаме кхин тӀе а функцеш кхочушъеш йолу [[нейрон]]аш (генераци а еш нервийн импульс луш йолу клеткаш) а, [[глия]]н клеткаш а. (Нейтронаш хьен [[паренхима]] хилар лара мегарду, ткъа глиян клеткаш — [[строма]]). Билгалйоху афферентан нейронаш (экаме нейронаш) а, эфферентан нейронаш (царех цхьа дакъа леларан нейронаш олу, наггахь и башха нийса а йоцу цӀе яржайо эфферентан шайолу тобана а) а, интернейронаш (юкъайоьхкина нейронаш) а.
 
Нейронаш юкъара коммуникаци хуьлу [[синапс]]ца дӀаяларца. ХӀора нейронан хуьлу [[аксон]] олу деха га, оцу чухула цуо кхечу нейронашна импульс дӀало. Аксон екъало кхечу нейронах хьакхалучохь кхуллу [[синапс]]аш — нейронийн дегӀа тӀехь а, [[дендрит]] (доцу га) тӀехь а. Шортта кӀезга хаало аксо-аксонан а, дендро-дендритан а синапсаш. Иштта, цхьана нейроно схьалоцу дуккха а нейронашкара хаам, шайн рогӀехь, импульсаш а йогӀуьйту кхечарна.
 
Дукхах йолчу синапсийн хаам балар химин некъаца хуьлу — [[нейромедиатор]]шца. Медиаторш тӀеаткъадо постсинапсан клеткашна, мембранин [[Клеткийн рецептор|рецепторшца]] уьйр лоцуш, уьш царна спецификан [[лиганд (биохими)|лигандаш]] ю. Рецепторш хила йиш ю лигандах дозуш долу [[Ионин некъаш|ионин некъаш]], царех олу кхин а ''ион-некъийн'' рецепторш, я уьйр йолуш хила тарло клеткийн юкъарчу [[шолг1а юкъалеларш|шолгӀа юкъалелачу]] системашца (иштта рецепторех олу ''[[метабонекъийн рецепторш]]''). Ион-некъийн рецепторийн токаш хуьйцу клеткийн мембранан заряд, тӀаккха цуо иза самайоккху я сацайо. Ион-некъийн рецепторийн масалаш хила тарло [[Гамма-аминодаьттан мусталла|ГАДМ]] (сацоран хлоридан некъ) рецепторш, я [[Глутаминан мусталла|глутамат]] (самабоккху натрин некъ). Метабонекъийн рецепторийн масалш ду [[ацетилхолин]]е, [[норадреналин]]е, [[Эндорфинаш|эндорфинашка]], [[серотонин]]е долу [[мускарин]]ан рецепторш.