Коьртан хье — Версийн башхалла

[талланза верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 32:
Нейронаш юкъара коммуникаци хуьлу [[синапс]]ца дӀаяларца. ХӀора нейронан хуьлу [[аксон]] олу деха га, оцу чухула цуо кхечу нейронашна импульс дӀало. Аксон екъало кхечу нейронах хьакхалучохь кхуллу [[синапс]]аш — нейронийн дегӀа тӀехь а, [[дендрит]] (доцу га) тӀехь а. Шортта кӀезга хаало аксо-аксонан а, дендро-дендритан а синапсаш. Иштта, цхьана нейроно схьалоцу дуккха а нейронашкара хаам, шайн рогӀехь, импульсаш а йогӀуьйту кхечарна.
 
Дукхах йолчу синапсийн хаам балар химин некъаца хуьлу — [[нейромедиатор]]шца. Медиаторш тӀеаткъадо постсинапсан клеткашна, мембранин [[Клеткийн рецептор|рецепторшца]] уьйр лоцуш, уьш царна спецификан [[лиганд (биохими)|лигандаш]] ю. Рецепторш хила йиш ю лигандах дозуш долу [[Ионин некъаш|ионин некъаш]], царех олу кхин а ''ион-некъийн'' рецепторш, я уьйр йолуш хила тарло клеткийн юкъарчу [[шолг1а юкъалеларш|шолгӀа юкъалелачу]] системашца (иштта рецепторех олу ''[[метабонекъийн рецепторш]]''). Ион-некъийн рецепторийн токаш хуьйцу клеткийн мембранан заряд, тӀаккха цуо иза самайоккху я сацайо. Ион-некъийн рецепторийн масалаш хила тарло [[Гамма-аминодаьттан мусталла|ГАДМ]] (сацоран хлоридан некъ) рецепторш, я [[Глутаминан мусталла|глутамат]] (самабоккху натрин некъ). Метабонекъийн рецепторийн масалш ду [[ацетилхолин]]е, [[норадреналин]]е, [[Эндорфинаш|эндорфинашка]], [[серотонин]]е долу [[мускарин]]ан рецепторш. Ион-некъийн рецепторийн балхо сацаме дуьгу я самадоху, церан эффекташ кхуьу сихо метабонекъийн рецепторел (1—2 миллисекунда 50 миллисекундан — масех минотан дуьхьал).
 
Коьртан хьен нейронийн кеп а, барам а тайп-тайпана бу, цуьнан хӀора декъехь бес-бесар клеткаш ю. Къастайо аксонаш кхечу дакъошка импульсаш дӀало шакепара нейронаш а, хӀора дакъан чохь коммуникаци ешйолу [[Юкъайоьллина нейрон|интернейронаш]] а. Шакепара нейронийн масалаш ду коьртан хьен яккхийн эхигийн чкъоьран [[Пирамидин кепара нейрон|пирамидин кепара клеткаш]] а, [[к1асархье]]н [[клетка Пуркинье|Пуркинье клеткаш]] а. Интернейронийн масалаш ду чкъоьран [[тускаран клетка|тускарийн клеткаш]].
 
Коьртан хьен цхьадолчу декъашкарчу нейронийн жигаралла [[Гормонаш|гормонашца]] модуль ян тарло.
 
ХӀинццалц хууш дара, дийнатийн нервийн клеткаш бен метта ца хуьттуьйла. Амма кестта Ӏилманчаш терго йина, хьожа кхетийтарах жоплучу адаман хьен декъехь, хьалхарчу клеткех кхиина нейронаш хуьлий. Цхьана хенахь цара гӀо дан тарло лазийна хье «тобеш»<ref>[http://www.newsru.com/world/16feb2007/neurons_brain.html Новости NEWSru.com :: Нервные клетки человеческого мозга все-таки восстанавливаются, утверждают шведские ученые<!-- Заголовок добавлен ботом -->]</ref>. Хьен чуьра гӀодан клеткаш екъалучура совца, хромосомийн цхьайолчу меттигийн жигаралла дохадо, нейтронашна шакепара йолу структураш а, уьйранаш а кхоллаяла йолало. Оцу меттигера дуьйна лара мегар ду клетка юьззина нейрон.
ХӀинца евзаш яц нейронаш жигара кхуьу 2 меттиг бен. Цхьаъ царех — диццадалийтаран зона. ШолгӀачу йогӀу леларах жоп лушйолу хьен зона. Цуьнца дазадо цхьана хена функцийн цхьа дакъа, я шадерг лазийначул тӀехьа меттахоттар оцу хьен дакъа.