Коьртан хье — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 39:
ХӀинццалц хууш дара, дийнатийн нервийн клеткаш бен метта ца хуьттуьйла. Амма кестта Ӏилманчаш терго йина, хьожа кхетийтарах жоплучу адаман хьен декъехь, хьалхарчу клеткех кхиина нейронаш хуьлий. Цхьана хенахь цара гӀо дан тарло лазийна хье «тобеш»<ref>[http://www.newsru.com/world/16feb2007/neurons_brain.html Новости NEWSru.com :: Нервные клетки человеческого мозга все-таки восстанавливаются, утверждают шведские ученые<!-- Заголовок добавлен ботом -->]</ref>. Хьен чуьра гӀодан клеткаш екъалучура совца, хромосомийн цхьайолчу меттигийн жигаралла дохадо, нейтронашна шакепара йолу структураш а, уьйранаш а кхоллаяла йолало. Оцу меттигера дуьйна лара мегар ду клетка юьззина нейрон.
ХӀинца евзаш яц нейронаш жигара кхуьу 2 меттиг бен. Цхьаъ царех — диццадалийтаран зона. ШолгӀачу йогӀу леларах жоп лушйолу хьен зона. Цуьнца дазадо цхьана хена функцийн цхьа дакъа, я шадерг лазийначул тӀехьа меттахоттар оцу хьен дакъа.
 
 
== ЦӀийлаттор ==
{{main|Коьртан хьена ц1ийлаттор}}
Хьено, цӀийлатторан машанехула цӀий а тоттуш нейронашка болхбайта, дукха энергин йойу. Коьртан хьен цӀий латтадо даккхийн пхенийн кхаа бассейнера — шина чоьхьарчу логан пхенийн ({{lang-la|a. carotis interna}}) а, коьрта пхенийн ({{lang-la|a. basilaris}}) а. Туьтан чухула [[чоьхьарчу логан пхена]] чеккхе ю хьалхара а, юккъера а хьен пхенаш ({{lang-la|aa. cerebri anterior et media}}). Коьрта пха бу хьен ген [[анатомин терминологи|вентралан]] тӀехула, кхоьллина аьтту а, аьру а букъадаьӀахкан пхенаш вовшахтесна. Цуьнан геннаш ду хьен тӀехьара пхенаш. Бийцина болу ялх пха (хьалхара, юккъера, тӀехьара), шайна юкъахь анастомозици а еш, кхуллу пхенийн ([[Виллизин гуо|виллизин]]) гуо. Цунна ду хьалхара хьен пхенаш вовшехтасаделла хьалхарчу вовшехтасаран пхаца ({{lang-la|a. communicans anterior}}), ткъа чоьхьарчу логан (я, наггахь юккъера хьен) а, тӀехьарчу хьен а пхенашца, хӀора агӀора тӀехьара вовшехтасаран пхенаш ({{lang-la|aa.communicans posterior}}) ду. Пхенаш юкъахь [[анастомоз]]аш ца хилар билгала хуьлу пхенийн патологи ([[инсульт]]аш) йолу меттиг, цӀийлатторан гуо къевлина ца хиларна и меттиг шорло. Цул сов, дуккха а кхин агӀонаш хила тарло (бастина гуо, трифуркаци кхуллуш тамашийна пхенаш декъадалар кхин дӀа а). Нагахь цхьана декъехь нейронийн жигаралла совъялахь, совдолу оцу мете цӀийлаттор а. Коьртан хьен цхьадолчу дакъошшан функцин жигараллин хийцамашна регистраци яро йойту неинвазиван нейровизуализацин кепаш, масала, функцин магнитан-резонансан томографи а, позитрон-эмиссин томографии а.
 
ЦӀийн а, хьен хьесашна а юкъахь [[Гемато-энцефалийн пардо|гематоэнцефалийн пардо]] ду, цуо пхена чухула церебралан хьасане дехьайовлу хӀуманаш луьтту. Хьен цхьадолчу декъашкахь и пардо ца хуьлу (гипоталамин меттиг) я къаьсташ хуьлу кхечу дакъойх, шеца спецификан рецепторш а, нейроэндокринан кхолламаш а болуш. Оцу пардоно Ӏалашбо хье дуккха а кепарчу уьнех. Оццу хенахь кхечу меженашна пайден йолу молханийн препараташ, пардона дехьа а яьлла хьен чу ца кхачало.